ТIекхочийла долу линкаш

Делахь а, толамаш боцуш а дац хьал цхьаболчунохчийн литераторшкахь. ТIаьхьарчу хенахь масех керла киншка араяьлла Европехь вайн махкахочун литераторан, историкан Бакаев Хьасанан. Историкаллин талламашна лерина долу и жайнеш могIарчу ешархочунна кхета атта а, вуно чулацаме а ю.

Бакаев Хьасан шуьйрачу ешархочунна Дени Баксан йолчу псевдонимца вовза волавелира, хьалхара тIом дIабирзинчу чехкачу шерашкахь цо шен дуьхьарлера тептар „Историн къайлахчу некъашна тIера йилбазан лар“ цIе йолу арахецча.

И киншка ехха вайн махкарчу исбаьхьалхойн а, Iилманчийн а гуонашкахь, амма иштта шуьйрачу юкъараллехь а йийцаре а йира, IалагIож а хилла.

Тамаша а бацара, цу ханналца историкийн гуонашлахь вевзаш хиллехь а, амма могIарерчу ешархошна цIарца вуьйцуш хезна воцучу Iилманчано вуно тамашийна а, хIинцалца схьа дукхахчарна дуьйцу ца хезна а хIумнаш цу жайни тIехь дийцаре даьхна хилар тидаме эцча.

„Тов, Шейх Мансур италхо хилла бохийца“, „Дешний аш къайлахчу ритуалех лаьцна цуо яздинарг?“, „Граалан кад Нохчийчохь лаха беза ца боху цуо ванах?“ - иштта дIа кхин а къамелаш хезара Бакаев Хьасанан, аьлча а цу хенахь цуьнан йоккхуш хиллачу цIарца Баксан Денин киншка йийцаре ечохь.

Цул тIаьхьа яьллачу заманахь дуккха а хIума хийцаделла. Ешархочунна Iемина, историкан тептар кIоргеха а, критике а деша а, ткъа ша авторо цул тIаьхьа ша арахецначу киншкашна тIехь шен бакъйолу цIе язйан йолийна, Баксан Дени боху псевдоним йистах а йитина.

Амма хийцадаланза цхьаъ дисина - Бакаев Хьасанан хIора а жайна арадалар вуно боккха кхаъ хуьлу ешархошна. Дела хьо дика аьлла, тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан масех керла киншка Европехь оьрсийн маттахь зорбане а даьлла.

Царех цхьаъ ю „Жерочуьн кIентан къайле“ цIе йерг, Польшин коьртачу шахьарехь Варшавехь „Серло“ зорбантехь араяьлла йолу. Цу киншки тIехь тайп-тайпан историкаллин талламийн очеркаш ю, авторо тайп-тайпанчу муьрашкахь язйина а, бен-бечу хаамийн гIирсашкахь зорбане евлла а, хIинцалца схьа зорбане йовланза ерш а. Уьш гулахь, цхьана жайнехь, арахецар вуно доккха совгIат ду ешархошна.

Жайнин цIаро кхетош ма-хиллара, Бакаев Хьасан шен керлачу талламашкахь а ша шена муьтIахь висна – цуо, хьалха санна, нохчийн къоман барта кхоллараллехь дIадаьллачуьн лараш лоьху, экама и лараш лехьа а еш, церан гIоьнца кхуллу ша-башха историн маша, иза дерриге а кхетачу, ешархочух шен йийсархо вечу маттаца яздо.

Масала, „Жерочуьн кIентан къайле“ киншка дIайолош долчу декъехь авторо толлу нохчийн ширачу иллешкахь а, туьйранашкахь а „Жерочуьн кIант“ санна шуьйра вевзаш волчу дикчу къонахан кхоллам.

Мичара ваьлла и жима къонах? Стенна аьлла цунах Жерочуьн КIант? Муха хилла-те цуьнан бакъйолу цIе?

И хIума талла араваьллачу историн Iилманчано дахкадо шайх Жерочуьн кIант олуш хиллачу кхечу къаьмнийн эпосерчу я исторерчу нехан масалаш. Вайна гучудолу тIаккха тамашийна хIумнаш – шозлагIчу бIешерахь ваьхначу Персерчу элано ша шех Жерочуьн кIант олуш хилла хилар а, Жерочуьн кIант цхьаццаболчу керистачийн орденашкахь, масала, тамплиераш Iийса Пайхмарх олуш хилла хилар а, ткъа иштта ширачу келтийн элин Артуран заманхочух Парсифалах а изза Жерочуьн кIант олуш хилла хилар.

И Парсифал ву, хууш ма-хиллара, дуккхаъчу исбаьхьаллин йозанашкахь цIарна цIеяххана болу „Граалан кад“ лаха араваьлла хилларг. И дерриге а тидаме эцначу ладогIарчухочунна хIинцале а кхетта хир ду, Бакаев Хьасана цу кепара вайн нохчийн Жерочуьн кIантаний, Парсифаланий юккъехь зIе лехна хилар.

И санна масалаш Бакаевн киншки тIехь дукха а ду. Ша авторо Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, нохчийн къоман истори хIинцалца схьа оьрсийн хьостанашкарчу хааршна тIе а тевжаш язйина хилар, ткъа иза, шен рогIехь, Советийн заманан тIаьхьло хилар а.

Бакаев Хьасанна хетарехь, вайнзаманахьлерчу нохчийн историн Iилманчаш цу Советийн весетех маьрша бовла безаш бу истори толлучу хенахь.

Бакаев: „Вайн истори оцу оьрсийн историн хьостанашна тIера схьаязйина ю. Советан заманахь, хууш ма-хиллара, историн Iилма вуно чIогIа идеологица ийна дара. Кегийчу къаьмнашна советан Iедало хIиттинйа дозанаш дара, цу дозанел аравала йиш а йоцуш.

ХIетахь хиллачу дозанашкара тахана а арабовла ца хIуьтту цхьаболу вайнехан историн Iилманчаш, иза Iилма ду бохуш. Иза Iилма хила тарло, амма нийса ах иза идеологи а яра. Делахь а, со тешна ву тIаьхь-тIаьхьа вайн къона историн Iилманчаш хьала мел кхуьу а, и кхачамбацар дIадер ду аьлла“.

Бакаев Хьасанан историкаллин тептарш, хьахийна ма-хиллара, могIарерчу ешархошна, историн Iилманна генахь болчу, вуно дика кхеташ яздина ду. Гуттар а историкийн белхаш боьшуш хуьлуш йолу хало ца хуьлу цуьнан йозанаш доьшуш – уьш аттачу, популяречу маттаца яздина долун дена. Бакаевс ша а билгалдоккху, ша кхечу Iелимнахана яздеш дац шен жайнаш, ешархошна яздеш ду бохуш.

Бакаев: „Вевзаш волчу оьрсийн Iилманчано Гумиле Левс аьлла дешнаш ду, цхьана стагна ша мел воккха Iилманча хетахь а, амма нагахь санна цуьнга мел чолхе а теори муьлха а итталгIачу классан дешархочунна кхеттачу агIор йийцалуш яцахь, иза Iилманча вац аьлла.

Цхьаболчу Iилманчаша шаьш вовшашна яздо, могIарерчу нахана кхеташ а доцуш. Соьга хаьттича, мелхо а, Iилман жайнаш нахана кхетачу агIор яздан дезаш ду, нахана яздеш ма дуй уьш.

Кхин дIаболчу Iилманчийн белхаш дика дац я кIоргера дац бохург дац сан иза, амма массо а Iилманчаша шайн маттана алсамох тидам бан безара аьлла хета суна, оьшучохь а, ца оьшучохь а совтIеха цхьа Iилман терминаш а ца лелош“.

Бакаев Хьасанан „Жерочуьн кIентан къайле“ цIе йолу киншка цу цхьаьна турпалхочуьн къайленна лерина яц, иза нохчийн къоман вайна йовзанза а, историн Iилманчаша хIинцалца схьа йастанза а йисинчу дуккхаъчу къайленашна лерина ю.

Цуьнан хIора а дакъа цхьана кхечу ширачу историн хиламах дуьйцуш а, иза толлуш а ду. Сирла месаш, сийна бIаьргаш , даккхий догIумаш а, шорта ницкъ а болуш хилла викингаш, цхьана заманчохь Европа шайн акхаллица а, аьрхаллица а Iадина хилла болу, билгал а хиллий-те Кавказера схьабевлла?

Бакаевн хьалхарчу тептарехь мацаххехь вийцина хилла волу италхо Джованни Батиста Боэтти – иза мила хилла-те бакъдолчехь? Мичара даьлла и стаг Шейх Мансур ву боху хабар? Нашханий, ширчу Урарту-пачхьалкханий юккъехь хIун зIе хилла? Иштта дIа кхин.

Дера, олийла ма дац массо а ешархой, цхьатерра, реза а хилла, авторца цуо айдинчу хеттаршкахь массеран а цхьа ойла хилла, и киншка, шаьш ешна бевллча, цара дIакъовлур ю аьлла.

Хийла хир ву Бакаевн талламаш шеконе хеташ берш а, хийла хир бу скептике и йозанаш тIеоьцуш берш а. Амма бакъволчу Iилманчин Iалашо цкъа а ца хуьлу массо а резавар. Цуьнан Iалашо хIуман духе кхиа гIортар, шена Дала деллачу похIмица а, кхетамца а талламаш бар, къахьегар, шена гучудаьлларг кхечаьрца декъар хуьлу.

Ткъа цу тIехь Бакаев Хьасанан шеко а йоцуш кадаьлла.

XS
SM
MD
LG