ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японис протестан нота кховдийна Оьрсийчоьне


Шоьтадийнахь Японин арахьарчу гIуллакхийн министро Кисида Фумиос ша волчу официалехь протестан нота караяла дIакхайкхинера шайн махкара Оьрсийчоьнан векал Афанасьев Евгений. Резадацаран нота кхайкхор бахьана ду Японино шен лоручу Камчаткерчу Итуруп гIайри тIе шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий вахар. И хаам баржийна японхойн «Дзидзи» агенталло. «Итуруп бакъ а долуш Японин латта ду, шина мехкан юкъаметтигаш талхош а, японхой дегнаш дохош а ю и визит, динарг халахетар а ду» - аьлла Кисидас.

Японино, шена Медведев Итурупе воьдий ма-хии, масех кIира хьалха а динера протестан дIахьедар. Дуьненан шолгIа тIм бирзича Оьрсичоьно шен дола яьхна Курилан гIайреш къовсамехь ю хIинца а. Уьбш бахьана долуш машаран барт а бац хIоттийна шина пачхьалкхна юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG