ТIекхочийла долу линкаш

«Ларамечу легионан мидал» - кхаа Iамеркахочунна


Кхаа Iамеркахочо а, цхьана британхочо а дахначу кIиранах, пIераскана, Францехь цIерапоштачохь герзах къовлавелла стаг, хьовзийна, вихкина, жандармерига дIавелира, цунах бала тарлучу бохамах нах паргIатбохуш.

Францин президента Оланд Франсуас оршотдийнахь шайн мехкан лаккхара совг1ат «Ларамечу легионан мидал» елира кхаа Iамеркахочунна, уьш эскархой бу – Стоун Спенсер, Скарлатос Алекс, Сэдлер Энтони. Цара маса топ а, урс а карахь долу стаг хьовзийна, воьхкуш, гIодина Ингалсерчу бизнесхочо Норман Криса.

«Цара гайтина вайгахь террорна дуьхьало йойла дуйла, гайтина къонахаллин масал» - элира Олланда ша совгIаташ луш.

26 шо долу мароккахо ал-ХIаззани Аюб ву Франци ган баьхкинчу эскархоша лаьцнарг. Амстердамера Париже боьдуш хилла цIерпошт, шена чохь 500 пассажир а волуш.

XS
SM
MD
LG