ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Долларх - 71 сом ло Москох


Москох кегаре, кхеташ доцу хьал лаьтта арахьара ахча хуьйцучу меттигашкахь Оьрсийчоьнан сом цIеххьана дожарца доьзна. Цхьана еврох оршотдийнахь 81 сом лора, долларх – 71 сом. Сом оццул охьа цкъа а ца даьлла, чIагIдо финансисташа, боху «Ведомости» газето.

Сом дожаран коьрта бахьана лору мехкдаьттан баррелан дуьненаюкъара мах 43 долларе охьабалар. Хиллачуьнца доьзна массо а мехкашкарчу ягочун акцех саоьцучу трейдерша йоккхачу тергонехь латтабо дуьненан коьрта биржанашкара мехаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG