ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан бакъоларъяран центр - "арахьара агент"


Оьрсийчоьнан юстицин министралло коммерцех йоцчу «арахьара агенташ» олучу хьукматийн могIара яьккхина Нохчийчоьнан бакъоларъяран центр. Оцу тептаре язйинчу центро «юкъараллехь дIахьо шен барамаш, политикан лехамашца а дозуш, кхуллу нехан ойла», аьлла бу юстицин министралло шен сайтехь дахна кIира дерззале баржийна хаам.

Арахьарчу агентех долу низам Оьрсийчохь арахийцира кхо шо хьалха. Бакъоларъярхоша пачхьалкхан дозанал арахьарчу юкъараллашца гергарлонаш лелор ду бухе диллина. И низам адамийн бакъонаш талхош ду аьлла хеташ, Страсбургерчу Европан кхеле арз чуделла цхьамогIа Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхойн юкъараллаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG