ТIекхочийла долу линкаш

ХIун дан деза акха цицигашна, жIаьлешна?


Султанов Ахьмадан сурт

Султанов Ахьмадан сурт

Дийнаташца шен йолчу юкъаметтигца адамо шен мах гойту. Ерриг а Оьрсийчохь а санна, нохчийн хIора гIалахь, юьртахь ду да воцуш я тесна дитина, шаьш-шайх тешна, акха лела жIаьлеш, цицигаш.

Дийнаташца шен йолчу юкъаметтигца адамо шен мах гойту. Ерриг а Оьрсийчохь а санна, нохчийн хIора гIалахь, юьртахь ду да воцуш я тесна дитина, шаьш-шайх тешна, акха лела жIаьлеш, цицигаш.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо шуьца кху кIиранах дийцареден хаттар. Муха хета шуна, хIун дан догIу наха а, хьукматаша а да воцуш я дайх хаьдда дисина дийнаташ Iалаташдеш? Нийса дуй уьш дайар? Башхалла юй Нохчийчохь а, шу дехачу кхечу меттигашкахь а нехан дийнаташца йолчу юкъаметтигийн?

ХIоттийначу хаттарна жоп дала луучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Аш горгали а баийтинчул тIаьхьа, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта мега тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Иштта Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724 01 98 32

Цул совнаха, шайна хетачух лаьцна яздан таро ю тхан сайте а: radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG