ТIекхочийла долу линкаш

Блок, Александр. Мохо схьадалийра гIоргIа...


Узбекистан - ондачу моханан а, догIанан а жамI Самаркандехь.

Узбекистан - ондачу моханан а, догIанан а жамI Самаркандехь.

Блок Александр

***

Мохо схьадалийра гIоргIа
БIаьстенан эшаран зов,
Цхьанхьара са сирла кIорга
Къегира дуьненан тхов.

Ткъа оцу серсинчу меттехь
Iай дарцаш нуьцкъала тирси,
ЙогIучу бIаьстенан берттехь
Седарчийн кхаъ-гIенаш кхирсти.

Цхьа гIийла, бодане, кIорга
Дилхира буо мерзаш сан.
Мохо схьаялийра гIоргIа
Аз долу и эшарш хьан.

Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.

Блок Александр оьрсийн поэт ву. (28. 11. 1880 -- 7 08. 1921)

XS
SM
MD
LG