ТIекхочийла долу линкаш

Гайтукаева Бана. Аганан илли


Казахстан - бер аганна чохь. Астана, 2014

Казахстан - бер аганна чохь. Астана, 2014

Гайтукаева Бана

Аганан илли

«ДIавижа.. ДIавижа, сан кIанта… Ас аганан илли эр ду хьуна. ХIора даше, хIора мукъаме ладогIа, ладогIа… ТIаккха оьзда кхуьур ву хьо. ЦIена хир ву хьо дагца. Лекха хир ву хьо сица – бIаьвнаш санна, лекха. Собаре хир ву хьо, лам санна, собаре.

Ас хьо дуьххьара когбаккха Iамор ву, хьан цIена, дуьненан сутараллех хьакхадалаза куьг лаьцна, дуьненна серло, йовхо йоьхуш схьакхетачу малхана дуьхьал дIа аравоккхур ву хьо. Ахь хьайн дуьне кхуллур ду…»

ДIавижа..ДIавижа… Ас аганан илли эр ду хьуна. ХIора даше, хIора мукъаме ладогIа, ладогIа… ТIаккха оьзда кхуьур ву хьо. ЦIена хир ву хьо дагца. Лекха хир ву хьо сица – бIаьвнаш санна, лекха. Собаре хир ву хьо, лам санна, собаре.

Ас хьо дуьххьара когбаккха Iамор ву, хьан цIена, дуьненан сутараллех хьакхадалаза куьг лаьцна, дуьненна серло, йовхо йоьхуш схьакхетачу малхана дуьхьал дIа аравоккхур ву хьо. Ахь хьайн дуьне кхуллур ду.

Хьайн цIеначу куьйгашца пхьола дийр ду дахаран чархашна. Ахь лекха бIов юттур ю, кху дахаран къизалло гIелдинчу, дардинчу адамашна йовхо луш догур ду хьан бIаьвна тIехь дашо нур. Ас хьуна сайн цIарца, сайн цIийца, айса хьуна яочу шурица йоьхкур ю кху хазачу дуьненна чохь тIаьххьарчу хенахь дуьне эккхал IаьIна йолу къизалла, хезий хьуна, сан жима адам? Сан цIена адам! Ас хьо диканна гIатта Iамор ву. Ахь лаьттан тIехь дикаллин, цIеналлин, оьздаллин хIу даржор ду. Ахь бухбоккхур бу къизаллин орам. ОхI-хIай, сан кIант, ма дукха IаьIна-кх кху лаьтта тIехь къиза мел дерг, цуьнан йозалла кху латтана ла ца яллал. ЭхI, сан миска латта, сан Сийлахь латта, Дала Iалашдойла-кх хьо!.. Ма дог лозу-кх сан хьох, хIокху аганахь Iуьллучу сайн сих даьллачу адамах санна, ма дог лозу-кх, ма къахета-кх…

ХIаъ, сан кIант, бехк ма билла суна, хьо деэшна, хьо воьхна, ваьржина ца гайта, хьан кошан барз тобеш, яха реза хир яра-кх со. Со а иштта Iамийна сайн Бабас…

Ас дийций хьуна, цхьана нохчийн нанас динарг, иза а суна со жима йолуш, сайн Бабегара хезна ду. Паччахьан заманахь хилла боху иза.

Ненан цхьаъ бен воцуш цхьа кIант хилла. Ямартчу наха харц мотт а бина, виэн кхиэл кхайкхийна хилла цу кIантана. Дукха лелла нана и харц кхиэл юхаяккхийта гIерташ, амма, и зама ша харц зама хиларе терра, ца карийна нанна бакъдерг. ТIаьххьара а, паччахье дехар а дина, шен кIанте йистхила бакъо яьккхина нанас. Иза кхоьруш хилла, ша, цхьаъ бен воцуш, иза экама кхиорна, ирхъуллучу хенахь цо ша воьхна гайтарна.

– Сан кIант, – леяьлла нана, – со паччахьна тIекхаьчна, цо суна ша кхана жоп лур ду аьлла. Нагахь вон кхаъ бохьуш со ягIахь – сан коьртахь Iаьржа шипон хир ю хьуна, – аьлла, боху, цо шен кIанте.

ТIекхаьчна кIант ирхъуллу де. Дукха адам гулделла, боху, майдана. Схьавалийна кIант… Гулделлачу адамашна юкъахь шен нана ца хааелча, воьхна боху иза. ТIаккха гIанта тIе ваьккхина (тангIалкха кIел хIоттийна). Геннахь, кIайн шипон махо ловзош, йогIучу шен ненах бIаьргкхетча, меттавеана кIант. Гулбеллачарна гергаеана, боху, нана. КIантана логах муш тесна. «Со кхеро гIерта-кх уьш», – дагатесна кIантана. КIентан юьхьа тIехь вохар ца гуш, цунах бIаьргбуьзна, баккхийбеш хилла юьртахой. Ткъа кIантана-м геннара кIайн шипон гуш хилла. ТIаьххьара, когаш кIелхьара гIант дIа а даьккхина, шен лаг лазош, муш чубижча а, тешаш ца хилла иза. Геннара гучу шен ненан коьртарчу кIайчу шипоно тешам луш хилла цунна. КIайн шипон дуьне хилла хьаьвзина. КIайчу гIургIезийн хелхарехь хьаьвзина кIайн шипон. Иза воьлуш хилла…

Нана… КIайн шипон… КIайчу гIургIезийн хелхар. Иза хуьлушдолчух кхета а кхетале, малхана урс хьаькхча санна, цIийло дерриг дуьне… ЭхI, хьо маьлхан кIайн дуьне, ма даа ца оьшура-кха хьо йохьана тIох-аьлла эккхал дог доцчу стага! Маржа нохчочун яхь яI-кха! Оцу йохьах эккха йоллуш хилла и Нана.

Массо а нохчочун Нана иштта дог, иштта доьналла долуш хилча, тахана санна, яьржина хир ярий-те Нохчийчоь? Тахана санна, кIиллой IаьIар барий-те? Осалчу, са кIезигчу наха жухIаргалла лелор дарий-те Нохчийчоьнан цIенкъахь, иэхь-иман дайнарш зуьдаллех ловзур барий-те Нохчийчоьнан баьрччехь?

ЭхI, Сан кIант… ХIун хир ду-те хьох кхана? ХIун хир ду-те?.. Муха йоккхуьйтур ю-те ахь вайн цIийнан цIе? ХIун ял хир ю-те ас, наб йойуш, техкийначу аганна – баркалла я Делан а, нехан а неIалт? НеIалт хьо вакхийначунна! Хьо техкийначунна – неIалт! Хьан Iуьйре дикаеш, хьуна тIаьхьа хьежначунна – неIалт! Хьан буьйса декъалъеш, хьан набарах гIовла хилла лаьттиначунна – неIалт! Иза ю-кх вайн докъаза бовшболчу мехкарийн чIир эца езарг. Иза ю-кх тахана герзаш дийларна бехке, тахана вайн вовшийн барт эгIарна бехке.

Ма ирча неIалт ду-кх иза. Кху сел доккха долчу дуьненна серло латточу малхана шен серло елларг, кху сел доккхачу дуьненна йовхо латточу малхана шен йовхо елларг Нана йоллушехь, цуьнан цIарах кхайкхадо-кх неIалт.

Хезий хьуна, сан кIант, Нана бехке муха йо лен тIаьхьено. Къонахаша-м кхайкхор дац хьуна цхьана а Нанна, Зудчунна, ЙоIана неIалт. Муьлххачу Нанас а ломал лекха хуьлуьйтур вара-кха шен доьзалхо, дуьненал дика хуьлуьйтур вара…

Наной а тайп-тайпана бу. КIайн шипон тиллина, шен кIанте тIаьххьара бIаьргтоха еанчу Ненах Iама безара нохчийн зударий. Шен зулам дина доьзалхо кIелхьараваккха, цуьнан ямартло, цо дина зулам лачкъо гIурту. Иза нийса ца хета суна. Ас хIун дийр дара-те, церан метта со хилча? Оцу шен бере болчу безамо, къинхетамо бIарзйо хир ю-кх и Нана, ша и санна дерг дечу хенахь…

Я АллахI Дела! Ницкъ лолахь суна ца йоха, ницкъ лолахь, Сийлахь верг, кхетам, хьекъал ма эшаделахь, ас сайн доьзалхочунна нийсонца кхиэл ечу муьрехь!… Хьалха-хьалха заманахь наноша ма-ярра, безам, къинхетам юха а теттина, кхиэл ян.

Сулейманов Ахьмада ма-дийццара, хьалха-хьалха яханчу заманахь хилла и. КIантера цхьа ямартло, цхьа зулам даьлча, оцу мехкан къаной гул а лой, кIентан Нанна тIебоьлхуш хилла. Цара хоттуш хилла Нене: «Нана, вайн махкана, къомана зулам дина хьан кIанта, цуьнгара ямартло яьлла, ахь хIун кхиэл йийр яра?» – олий. ТIаккха Нанас олуш хилла: «Шух долу иэхь-бехк Дала лорийла, ас диканна, ас махкана кхиийна вара иза, сан цхьанхьа хьекъал ца кхаьчна хир ду, со цхьанхьа гIалатъяьлла хир ю иза кхетош-кхиочохь. Виэн веза!» – тIулгал чIагIлой, олуш хилла Нохчийн Нанас. Йишега хоттуш хилла, цо а изза олуш хилла. ТIаккха, цу кIентан тIехьийза йоI а лохий, цуьнга хоттуш хила, боху: «ХIокху кIантана яха-ян дийцина дош дарий хьан, иштта ямартло яьлла-кх кхуьнгара, ахь хIун кхиэл йийр яра?» – олий. «Виэн веза!» – олий, хадош хилла йоIа, ша, хан йиллина, цуьнга хьоьжуш Iаш хиллашехь.

Ткъа тахана-м, сан кIант, хала дара хьуна оцу кIентан Ненах, Йишех, Езачух дагадовла. Цара шаьш йо кхиэл, зударийн хьекъал царна оьшуш а дац. Уьш нанойх дага ца буьйлу дела, яьржина хьуна тахана Нохчийчохь, уьш Ненан бIаьра ца хьовсу дела IаьIна хьуна Нохчийчохь дуьне эккхал къизалла. Ненан хьехаме, цуьнан беркатечу озе ла ца дугIу дела, боьхна хьуна Нохчийчохь барт, цундела байна хьуна церан вовшашка болу лерам. ШайтIа тола доллу-те, я АллахI Дела?

Тхан Бабас олура, хьалха зудчо коьртара даьккхина кортали юкъатесча, мел буьрса дов а сацадора, дIадоьрзура. Ткъа тахана-м, схьа а даьккхина, цу юкъа дог кхоссахь а, иза а хьошур ду.

Сулейманов Ахьмада дуьйцуш хезна суна. Хьалха заманчохь, шайна мостагI тIелеттачу хенахь, вайнехан махкахь уггар цIена, оьзда йоI, кIайн духар духий, кеч а йой, кIайчу дина а хаайой, бIона хьалхайоккхуш хилла. ТIеман ара кхаччалц иза дIаюьгуш хилла боху цара. Иза мостагIчун дIаьндаргех ларъеш, улле бовлуш хилла кIентий, цу йоIана хIума хилахь, царна тIе иэхь догIуш хилла. ТIаккха йоIа секхаIодаца пха кхуссуш хилла. Иштта дIаболалуш хилла тIом.

Иштта лерам хилла-кх вайнехан Къонахийн Зударшка. Ткъа тахана? Тахана иштта дац. Тахана зударий а, божарий а хийцабелла.

Сан кIант, сан бабас муха олура хаьий хьуна шайн заманах лоций? Иштта олура: «Тхан заманахь тхо лардан тхуна уллохь къонахий бара».

Дуьйцуш хезна суна цхьана къонахчун оьздангаллех, тешамах дийцар:

ЦIийнда талла дIа а хьажийна, шен цIентIера цхьацца гIуллакхаш деш хьийзаш хилла цхьа хIусамнана. МаьркIажан бода къовлабелча, кхеран ков тоьхна, ков схьадиллича, цхьа вевзаш воцу дин-бере гина кхунна кетIахь лаьтташ.

– Буьйса яккха хIусам езар-кха суна, некъах тилла, схьахьаьвзинера со, – къамеле волу некъахо.

– Хьаша ца вогIучу хIусамна-м маликаша а букъ тоьхна, олуш хезна суна. Хьо тхайн хIусамна тIехваьллехь, суна дагахьбаллам хир бара.

Хьешера чоа схьаоьций, цуьнан дин божалахь паргIатбоккхий, цунна хIоъ лой, хьешана бовха кхача кечбой, иза пхьуьйрах кхетийтинчул тIаьхьа, шайн хьеша-цIа чу вуьгий, паргIатволуьйту цо и.

БIешарал яхъелла буьйса чекхйолу. Хьешал хьалха гIеттина, чоь йохйина, кечбина мерза кхача буьллу хIусамнанас хьешана хьалха.

Ша дIаваха новкъаволуш, шена тIаьхьаяьллачу хIусамнене, шаьлтанца яьккхина шен чоин маьIиг кховдийна хьешо, хьарча а йина:

– Хьайн цIийнда цIа веача, цуьнга дIалолахь хIара, – аьлла.

ДIаоьху денош, кIиранаш, цIавоьрзу талла вахана цIийнда. Цунна бовха кхача кечбой, иза вуьзна паргIатваьллачул тIаьхьа хилларг-хезнарг дийца долийча, шайна хьаша вар, ша иза хIусаме витина, цунна хьошалла дар дIадуьйцу зудчо шен цIийндега, хьешо йитина ларча дIа а луш. Цу юкъа хьаьжначу цIийндас хаьттина, боху, шен хIусамнене: «Цу хьешан муьлха дегIан меже кхийтира хьан дегIах?» – аьлла.

ЦIеххьана ойлане догIу, ша цуьнгара чоа схьаоьцуш, цуьнан аьтту куьйган нана-пIелг шен куьйгах хьакхабалар. Ма-дарра дIадуьйцу зудчо хилларг. ТIаккха цIийндас аьлла: «Шен хьох ларамаза хьакхабелла нана-пIелг бу цо битинарг, оьзда къонах хилла и вайн хIусаме воьссинарг». Тахана а ву боху и хIусамда тешамболу Къонахий лоьхуш.

Сан кIант, хезий хьуна, хьалха Къонахий муха хилла?!

Ткъа тахана къаставел ахь хьешах къу. Витал хIусаме: хьо ен а йийна, хьан хIусамехь мел дерг а эцна, дIа-м гIур ву. ХIусаме, боху ахь, новкъа дIаваха а тешаме дац. Хьанна дайна гIали юккъехь нохчийн йоьIан лергара, пIелгара, кочара хIуманаш а яьхна, дIабоьлхуш? Хьанна дайна? ХIара ирча де ду! Пачхьалкх-м кхоллалуш хуьлу, юхуш а хуьлу. Ткъа гIиллакх-оьздангалла – иза-х пачхьалкх яций, доха а, юха кхолладала а. Иза стеган Iаь ю, стеган цIе, са, цIий ду.

Сан кIант, хьо ма вохалахь, хьо ма эшавайталахь шайтIане, хьо ма Iехавайталахь дуьненан рицкъане, соьма чу са диллий, кура ма валалахь. Сонта ма валалахь! Стигал лекха ю, алий, кура ма валалахь, хьуо цу стиглах бохь хьекхалуш велахь а. Диц ма делахь, сан кIант, стигал лекха хиларх, упха лоха ду хьуна. Дуьне доккха дара, алий, кура ма валалахь. Дуьне доккха хиларх, лахьта готта ду хьуна. Айхьа гулдинчу рицкъанах сагIа делахь, ахь тахана дIаделларг бен дац хьуна хьан а, сан а. Кхана вай, хIара харц-дуьне а дитина, дIадоьлхуш, вай ваьшца дIа хIумма а ца хьо хьуна, цхьа кисин марчо доцург.

Сан кIант, хIара баланийн цIа, хIара дуьне хьоьга нислур ду аьлла-м ца боху ас… делахь а, ахь динчу дикано а хаздо-кх вайн дахар. Хаздо-кх, ахь хьайгара гайтинчу оьздангалло.

Дика-вуон къасто сан ницкъ бац. Дукха хан йоццуш, ша ехачу нохчийн йоккха стаг йолчу чу а бевлла, автомат тIе а лоьцуш, цуьнгара ахча доьхуш, йиттина, мелачу цIийлахь керчийна цара иза.

ХIуш духкуш, цунах шена цхьа ца яллал таро еш йоллуш кхин цхьа йоккха стаг яра. Цхьа а бер-кер доцуш, цхьа миска яра-кх. Иза вайн нохчийн кегийчу наха ирхъоьллина хилла. Цхьа кIира даьлча, наха коьртахъяьккхина, дIа ладоьгIча, хиира массарна а хилларг. Юрт вовшах а кхетта, дIайоьллира и миска (Дала эхарт декъалдойла-кх цуьнан!). Миска дуьне диина дIаяха-кх и пекъар. Я барман га лаца воI воцуш, ваша воцуш, тIаьхьа елха йиша, йоI йоцуш. Иза кешнашка дIахьочу хенахь кхийтира со Бабас олуш хиллачу дешнийн маьIнех. «Вала а ирс оьшу-кх стагана, ваха а санна», – олура цо. Кху мискачу зудчунна а ийшира-кх, ша ехаш ца хилла ирс, ша лечу минотехь. Доккха хIума ма ду иза, шен къоман гIиллакх-гIуллакх, мотт цхьаъ болчу, ша санна йолчу нохчийн нанас бакхийначу кIенташа шена и де дечу хенахь иза Деле муха кхайкхина хир ю-те? Хьанах кIелхьараяккха аьлла, дехна хир ду-те цо?

И гIуллакх хиллачул тIаьхьа сан нана яра суна хьехарш деш. «Пена тIе куьйгаш а хIиттийна, доIа а деш, Деле ткъе ворхIазза дехахь, хьан чу стаг вер вац, ас а до хьуна иза, хьажал». Иза дан хIоьттича, дуьне хьаьвзира. «Веза Дела, тхо стенга кхаьчна-те?» – ойлайира ас. Сан миска нана, сан Сийлахь Нана! Амма соьга далур дац иза. Суна тIерачу Делах иэхьхетта и дан. Ас муха, хIун эр ду Цуьнга, ас муха доьхур ду Цуьнга? Соьга ца алало. Церан яцахь а, сан ю хIокху дуьненца яхь. Со Нохчи ю. Уьш а бу нохчийн нанас бина, сан мотт ца керча…

Маржа сан кIант яI-кх, ма суна бала хилла-кх кху Нохчийчоьнах, ма гIайгIа хилла-кх суна!..

Со Нохчийчоьнан хиндолчух тешо, сан дахаре болу безам, тешам юхаденбан ницкъ хир а буй-те аьлла, со ойланашка яьлча, аганара схьахьуьйсучу, хIинца а кху харц дуьненан хIиллане цIеран суй шайна чохь кхерста ца кхиъначу цIеначу хьан бIаьргаша даг тIе серло, йовхо хьодуьйту. Сан дилхина кхачаделла, чевнийн даьIнех дуьзна дог юха а денло. Дуьненан баланийн зуьдаллех ловза Iеминчу нехан оьздабацаралло, цара ечу харц кхиэлана дан амал доцуш, гIелдина охьатаIийна сан цхьалха са, дай а лой, стигала-малхана тIе кхаччалц – хьаладолу.

ЭхI, сан адам, дIадижа. Ас техкадо хьан ага. Ас дуьне техкадо, техкадо седарчий, стигал, латта. Ас малх техкабо.

ДIавижа сан кIант, дIавижа…

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG