ТIекхочийла долу линкаш

Украинахой Сенцов а, Кольченко а набате хьажийна Оьрсийчоьно


Вевзашволу Украинера режиссер Сенцов Олег террорна бехке а вина, 20 шарна халачу хьелашкахь набахти такха хьажийна Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхело. Ростов гIалахь сацам тIеэцначу кхело, террорхойн тоба а кхоьллина, шозза талор а дина, керланиг дан кечлуш вара боху Сенцов.

Цуьнца цхьаьна зуламаш деш хьийзина аьлла, 10 шо хан тоьхна Кольченко Александрна а.

Сацам дIа а кхайкхийна, суьдхочо, ца кхеташ хIума а дуй шайга хаьттича, Сенцовс а, Кольченкос а, жоп лучу меттана, Украинан гимн а лекхна, мохь туьйхира: «Сий хуьлда Украинан! Сий хуьлда турпалхойн!»

XS
SM
MD
LG