ТIекхочийла долу линкаш

Васильева Евгения набахтехь яц


Оьрсийчоьнан тIеман министраллан декъах «Оборонсервисах» ша жоп лучу муьрехь къоланаш дарна биъ бутт хьалха набахте хьажийна хиллачу Васильева Евгенияна хенал хьалха мукъайоккху хьелаш магийна Владимир кIоштарчу Судогда гIалин кхело.

Васильевас 60 миллион долларна къоладина аьлла хьажийра иза набахте. Оцу муьрехь цуьнца цхьаьна бехкевеш вара зулам дарна тIеман министр Сердюков Анатолий, амма дIакъевлира цунна дуьхьал долийна дов.

Васильевас ши шо ах шо даьккхира цIера араяла бакъо йоцчу таIзаран рожехь. Ткъа набахтехь ца Iийна кхаа баттахьчул сов.

XS
SM
MD
LG