ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIуманаш юьтту хими а дихкина Оьрсийчу ян


Оьрсийчу кхочучу арахьарчу сурсатийн, кхачан, кхидолчу рицкъан башхаллин тергоечу Роспотребнадзоро туьканашкахь, базаршкахь йохка дихкина махкара йоцу хIуманаш юьтту химин коьчалш, уьш токсикологин гайтамашца йогIуш яцарна.

Роспотребнадзоран тергамчаша хаамбарехь, Henkel, Procter & Gamble, Colgate-Palmolive фирманийн хIумаюьтту коьчалш кхераме ю адамна. Хьалхо Украинера чукхочу хIуманаш юьтту коьчалш а дихкира эца оццу хьукмато.

Эксперташа далочу терахьца, Оьрсийчоьнан туьканашкахь юхку хими 75 процентна арахьара чуйохьуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG