ТIекхочийла долу линкаш

Эжиев Микаилан центрах а аьлла "арахьара агент"


Оьрсийчоьнан юстицин министралло ша куьйгалла ден Нохчийчоьнан бакъоларъяран центр «арахьарчу агентийн» могIара яккхарна реза вац Эжиев Минкаил.

Шен хьукмато Оьрсийчоьнан низамаша ма-хьоьхху болх бо, шерашкахь накъосталлехь лаьттина бахархошна церан бакъонийн тергоеш, центрах ца тарло «арахьара» агент» ала, боху Эжиевс.

Карарчу ханна, ерриг а Оьрсийчуьра санна, Нохчийчуьра бакъоларъяран юкъараллаш а ю «арахьарчу агентийн» цIарна кIел яьхна.

XS
SM
MD
LG