ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дикаев Мохьмад. Дай баьхначу махкахь.


Нохчийчоь -- Нохчийн юрт Хайбах, гIадужу-беттан 8-гIа, 1989
Нохчийчоь -- Нохчийн юрт Хайбах, гIадужу-беттан 8-гIа, 1989

ДАЙ БАЬХНАЧУ МАХКАХЬ

Суна гина хийла аре,
Суна гина хийла мохк,
Дай баьхначу махка варе
Ас сатуьйсуш баьккхи ког.

БердакIелахь, винчу юьртахь,
Нийсархошца къамел до,
Кхузахь кхиъна xIopa буьртиг
Ас сайн мара хьарчабо.

"Мерза хуьлу муьста берам,
Нанас хьалха биллинехь,
Илли ала хьо ма кхера,
Дог ахь цунна дIаделлехь", –

Боху соьга юьртахоша
Органа йистахь, пхьоьханахь;
Гаьннаш лийчош, лаьтта кхораш,
Стигла хи чу йижина.

Дикаев Мохьмад похьмаллин нохчийн байтанча вара. Иза винера 1941 шеран Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь, кхелхира 1979 шеран ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Дикаев Мохьмадан байташ дуьххьара зорбанехь араевллера 1960 шераш дуьйлалуш нохчийн маттахь долчу газетийн а, «Орга» алманахан а агIонаш тIехь. Поэтан шен дуьххьарлера жайна арадаьлла 1965 шарахь. «Нохчийн хIусам» яра жайнин цIе.

XS
SM
MD
LG