ТIекхочийла долу линкаш

Есенин, Сергей. Кхерстар вац со бордах коьллаш юккъехь...


Сергей Есенин, Айседора Дункан и ее приемная дочь Ирма

Сергей Есенин, Айседора Дункан и ее приемная дочь Ирма

Есенин Сергей

***

Кхерстар вац со бордах коьллаш юккъехь,

Хьоьшуш татеш, лоьхуш хьоме лар.

Сулан[1] цIов хьан месийн богуш уллехь,

ГIенах яй хьо, кхин хир доцуш гар.

Чкъор и ал мутт комаран тIедаьлла,

Аьхна, хаза; яра хьо цхьа тов

Стигал санна, цIе бос эцна яьлла,

КIайн ло санна, бIаьргаш хала лов.

Буьртигаш хьан бIаьргийн даьгна, эшна,

Юткъа цIе а, цхьа аз санна, яй.

Амма шамарх дарин йоьлла, тешна,

Кхетта куьйгийн мазан хьожа яй.

Тийна йолуш, ал са тхов тIехь хийла

Iуьллуш, пису санна, юьлуш батт,

Лер хьох лаьцна хеза суна гIийла,

Алхаш цIийзаш, мохо техкош гIатт[2].

Ткъа деш шабар, ярах суьйре сийна,

Цхьа сатийсам, илли лоруш хьо,

Амма аьгнарг юкъ хьан, белшаш хьийна

Сирла къайле хиларх теша со.

Кхерстар вац со бордах коьллаш юккъехь,

Хьошуш татеш, лоьхуш хьоме лар.

Сулан цIов хьан месийн богуш уллехь,

ГIенах яй хьо, кхин хир доцуш гар.

Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.

[1] Ялтанийн тайпа (говран даар).

[2] ГIишлонан тIехь чоьнаш йолу терхи

tctyby

Оьрсийн поэт Есенин Сергей. 21. 09 1895 -- 28. 12. 1925

XS
SM
MD
LG