ТIекхочийла долу линкаш

Кантаев Мохьмад. Кехат


Нохчийчоь - Дуьненаюкъара хьалхара тIом болабаларан 100 шо кхачарца йоьзна суьртийн гайтам

Нохчийчоь - Дуьненаюкъара хьалхара тIом болабаларан 100 шо кхачарца йоьзна суьртийн гайтам

Йоккхачу АтагIара бIаьхочо Кантаев Мохьмада шен юьртахошка даийтина кехат.

(Доьшу Багаева Зулайс)

Ассаламу Iалайкум, сан мерза вежарий!
Маршалла ду шуьга доккхачу кху дийнахь.
Вай вовшийн дезарх, къастаза ца девли,
Ва марша Iайла шу, сан мерза вежарий

Юьртахь Iуьйренаш хазлучу ва хенахь
Бацаца латтанаш сенлучу ва хенахь,
Цу Делан рицкъано тхо махках ма дехи,
Ва марша Iойла шу, сан мерза вежарий.

Iуьйренца схьакхета нур дашо можа малх,
Мел хаза кхета хьо, кийра ша ва буьллуш,
Ва марша Iайла шу, сан мерза вежарий,
Оха ларйийрю сийдолу вайн Кавказ.

ГIоттучу малхаца тIом болабелча,
Кху тIеман чIогIалла язъяла йоьлча,
Дагатосу, вежарий, вайн нана Нохчийчоь.
Тхо Деле дехалаш, хIай мерза вежарий.

ГIазотана юкъ йоьхкуш, тхан гIовттар ду шуна,
Нохчийчоьнан ва цIарах тхан латар ду шуна.
КъорIанца, есица са далар ду шуна,
Тхо Деле дехалаш, хIай мерза вежарий.

АстагIа Темаркъа эшинчу ва Лоьмех,
Николай паччахьах леттачу Берзалойх,
Схьадевла кIезий ду, вежарий вай бохуш,
Тхо леташ ду шуна, хIай мерза вежарий.

Ден, ненан сий дина кIентий тхо хилча,
Йижарийн, вежарийн сий дина хилча,
И нана Нохчийчоь лерина хилча,
Тхуна Ахь гечделахь ,хIай Везан Дела!

Йоккхачу АтагIахь пхьоьгIа гуллучохь,
Чуртан тIулг богIий, го белаш вежарий,
Турпалхойн байракхаш айалаш тхуна,
ДоIийца: «Гечдойла!»- алалаш, вежарий.

XS
SM
MD
LG