ТIекхочийла долу линкаш

Кацаев Сайд-Хьасан. Бодашкахь


Нохчийчоь -- Чири-юрт, охан-беттан 29-гIа, 2013

Нохчийчоь -- Чири-юрт, охан-беттан 29-гIа, 2013

Кацаев Сайд-Хьасан

Бодашкахь

Аьхке. Тийна, эсала буьйса. Сан – берхIитта шо.ТIаьххьара трамвай а, рельсех еттало чIургаш а цIийзаш, парке чуйоьрзу. Буьйса юкъал тIехъяьлла. Кхи лаьттича а эрна ду. Социйлехь, некъо гола тухучохь, школана дуьххьал, соьца скамейки тIехь хиъна Iаш кхо йоI ю. Юххерчу бедарш тегаран фабрикера балхара богIучух тера ду уьш. Наггахь, трамвай микрорайоне охьайоьрзуш, кхузахь сацар нисделла сан. Сарахь, бенара арахецна олхазарш санна, тIаьхьий-хьалхий фабрикера арадуьйлу къона зудабераш. Чучча а бахана, вовшашна тIе а теIаш, жимма лаьттинчул тIаьхьа, гIала мел ю, массо а агIор дIасабаьржа.
Со тIевеана дукха хан яц, вовшашка дистхилла а дац тхо. Накъоста ша волчохь буьйса яккха боххушехь, юкъараIойле схьагIерташ ву со. Сайн маьнги тIехь бие наб кхеташ вац со.
–Шу ма тIаьхьа арадевлла? – олу ас.
Уьш бист ца хуьлу соьга. Со а кхи хабаре вала а ца гIерта. Соьга а хьоьжуш, вовшашка шабарш до цара. Цхьамма, халла хезаш:
–ХIахIа, хIахIа, – олу, юххерниг сацо а гIерташ. Вукхо соь-гахьа а йоьрзий:
–Хьажахь, – олу. – Хьан цIе хIу ю?
Ас сайн цIе йоккху.
–Студент-м вац хьо?
–Ву.
–Тхо балхара догIуш дара. Кхул тIаьхьа, мел Iийча а, трам-вай йогIур яц. Тхойшиъ-м микрорайоне йоьдуш ю. ХIара шаца йита Iаш яра. ДIакхетор ярий ахь хIара? Хьоьх теша мегардуй? «Минуткехь» Iаш вуй хьо?
–Со гIур яц. Собар дийр ду ас. Шуьшиъ дIагIойша, – олу йоIа.
–ДIакхетор юй ахь хIара?
–Дера кхетор ю-кх, – олу ас. – Кхана хIара балха ца ягIахь,тхан юьрта догIур ду-кх шу, сту баккха.
И шиъ сапаргIат дIайоьду. Жимма Iийна:
–Вайшимма хIу до? – хотту ас.
–Хьо дIагIо,– соьга хьожу иза.– Трамвай ларйийр ю ас.
–Кхул тIаьхьа Iийча а эрна ду.
Иза йист ца хуьлу. «Орца дала!» – аьлла, мохь тоьхча а, хе-зачохь адам доцуш, иза соьх ийзалуш Iа.
–Хьуна лаахь, сахиллалц а хиъна-м Iийр ду вайшиъ. Iуьйрана со занятешка ваха а веза. Хьо кхузахь а йитина дIавахар а нийса дац. Хьан накъосташна гергахь соьца ма ю хьо. Со дIавахча мила вогIур ву хьанна хаа?
И кхеро гIерташ вац со, кхолладеллачу хьолах кхето лаьа. Иза сайх цатешар новкъа ду суна. ЙоIан лаамца, цуьнан соьца самукъа а долуш, со йоIана тIехьовза тарлахь а (сайн романтик волу, хьалхарчу миноташкахь суна и дага а догIу), амма йоIан гIелонах, сайх тешна йисарх а пайдаоьцур болуш вац со. Кхи цкъа а гур яцахь а, иза сайх тешийла лаьа суна. Цунна вешалладан кийча ву со.
–Хьан ваша вуй? – хотту ас, йист ца хуьлуш, токан сера тIехь хьоза санна, хебна Iачу йоIе.
–Вац, – олу цо.
–Сан ю хьуна йиша, – олу ас.
Иза кхи йист ца хуьлуш, хьала а гIоттий, суна тIаьхьа хIутту.

Юьртара уггар а хаза йоI хьалха а яьккхина, буьрсачу хьаннашкахула вогIучу Калойн санна, йоIе безам а бахана, хьере ойланаш къахко ирачу шаьлтанца кераюкъ хадо ца деза сан. (Бусалба дин тIе эцале хиллачу гIиллакхашца, къонахийн къовсамехь тоьлла кIант, массарал а хазачу йоIаца, генарчу ломан хьехахь буьйса яккха дезаш ву, цIена юкъаметтиг а ларъеш. Хьалха ваьлла воьдучу Калойга кхойкху Зорас. «ХIу боху ахь?» – юхавоьрзу хIара. «Со хьалха ялийта, сайна тIехьахула цхьа хIума тIекхетарна кхоьру-кх со». Исбаьхьчу цуьнан дегIах хьакхадала лаьа шен куьг шаьлтанца хада а дой, и ойла генна эккхо, тIе туьха духку Калойс. ЦIий оьхуш, Iийжаш долу куьг къуьйлуш вогIучу Калойс хотту йоIе: «ХIинца хетий хьуна, тIехьахула цхьамма лоцур йолуш санна?» – «ХIинца ца хета суна», – олу Зорас.)

Къегина дуккха а сирла седарчий ду стиглахь. БогIамашна тIерачу чиркхашна герга кхаьчча, гучура довлу уьш, дехьа ваьлча юха а лепа. ГIалин урамаш деса ду. Кху агIор цIенош а дац башха. Аьчка некъана тIехула тесначу тIай тIе кхочу тхойшиъ. ЙоIе цIе хIу ю а ца хаьттина ас, я юха ган йиш хир ярий а. Эвхьазавала а ца гIерташ, ша схьакхетаярна, декхар хеташ, цо шен цIе юьйцийла я вола олийла а ца лаьа суна. Нагахь кхуьнан деган кIоргехь жимма шеко, кхерам биснехь а, и тIаьххьара кхерам а дIаболийла лаьа. Цуьнга эрна ойланаш ца яйта, некъ бацбан а, цхьана а кепара шалха тида йишйоцу, къамелдо ас йоIе. Цуьнан юьхьдуьхьал хьажа а ца гIерта со. Кхана дийнахь гича, иза евзар а яцара суна. Амма иза къона, хаза а хилар хаало. ЮкъараIойлана хьалха кхаьчча:
–Хьо схьакхаьчна. КхидIа яха яьхьар ю со, – олу цо.
–Со схьакхетош дара вайшиъ? – велало со.
Шайн цIийна тIе кхаччалц дIаюьгу ас иза. Чуяхале жимма соцунгIа хуьлу иза, ас хIумма олий-те, бохург санна.
БерхIитта шо! ЙоIан, кIентан а синош уггар а вовшашна тIекхийда, безам уггар а мерза хуьлу хан. Ярташкахь – хий-истехь, белхешкахь, синкъерамашкахь, ловзаргахь; гIалахь – кинотеатрашкахь, кафеш чохь, доьшучохь, Iачохь, подъездехь, скверехь, дитташ кIеларчу скамейки тIехь… ВерхIитта, берхIитта, ткъа шо долчу хенахь – маьлхан серлонал а, беттансерло лоьху. Куьйго куьг къуьйлу… «Хьан ваша вуй?» – «Вац».
– «Сан ю хьуна йиша», – аьлча, тIаьхьа хIоьттина ю хIара суна.
–Iодика йойла хьан, – олу ас.
–Дела реза хийла хьуна, – олу цо, лохачу кевнал чоьхьа а йолуш.…

Оцу буса, шаьшшиъ доьдучу дIакхаьчча, кIелдилла ча а тодой, тIера чоа схьадоккху Калойс. Цо лелочух шен агIор кхеттачу Зорас, цунна и дагадеънехь ша хIаллакьхиларх а кхетта: «Калой, хьайн Делан дуьхьа», – олу. «Со-м хIара мотт тобеш вара», – олу Калойс.
Калойга ша маре яхана гIан го йоIана. И самаха (халкъан тидам!) кхочуш а хуьлу. Боьха меттанаш долчу наха дуьйцу: « Лаа дац хьуна иза цуьнга яхар. Цу буса хилларг къайладаккха яхана».

Ткъа шо хилла Iийр дац, Базоркин Идрисан «БIешерийнбоданера» цIе йолу и роман ас ешна. Вайнехан яздархойн сунатоьллачех хеташ произведени ю и.
Трамвайн социйлехь со кхаа йоIана тIе а Iоттавелла, царах цхьаъ ас дIакхетийначу буьйсанал тIаьхьа, пхийтта шо даьлла. ХIетахь цкъа-шозза соьга маршалла а даийтира цо. Со кхи и йолчу а ца вахара. Я кхи гина а дац тхойшиъ. Нагахь гинехь а, вовший ца девзаш, тIехдаьлла хила а мега…

2001

Кацаев Сайд-Хьасан - нохчийн яздархо ву. Иза вина 1966 шеран товбеца-беттан 11-чу дийнахь Курчалой-Эвлахь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ехь. 1983-чу шарахь юкъара ишкола чекхъяьккхира, ткъа 1988-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн университетан оьрсийн-вайнехан филологин факултет чекхъяьккхира. Оьрсийн мотт хьехна ишколехь, ткъа Нохчийн пачхьалкхан университетехь нохчийн литература а хьехна. 2002-чу шо дуьйна болхбира "Вайнах" журналан коьртачу зорбанчан хьалхара гIовс санна. 2004-чу шо дуьйна Курчалойн кIоштан "Машар" газетан коьрта зорбанча болхбеш ву. Оьрсийчоьнан яздархойн Бертан а, Оьрсийчоьнан журналистийн Бертан а декъашхо ву Кацаев Сайд-Хьасан.

XS
SM
MD
LG