ТIекхочийла долу линкаш

Киплинг, Редьярд. Нагахь


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, нохчийн тIемало, дечкен-бутт 15, 1995.

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала, нохчийн тIемало, дечкен-бутт 15, 1995.

Киплинг Редьярд

Нагахь

Нагахь висахь хьо цхьаъ, воьхна воцуш,
Массо воьхна, хьоькхуш шийла мохь,
Нагахь хилахь тешам даг чохь кхобуш,
Нах дIакъехкаш, тешам байна хьох;

Нагахь хаахь, собар долуш, хьежа,
Пуьташ нехан ца бахь тергал ахь,
КIон верг вита ахь, ца ваьлла, къежа,
Ткъа хьайх шайх а, диканиг ца вахь;

Нагахь бацахь хьуна болх сатийсам,
Нагахь вацахь ойланийн хьо лай,
Нагахь толам, бохам – боцуш хийцам,
Ахь тIелацахь массо хенахь бай;

Нагахь хаахь, бакъо ца луш леткъа,
Лан дош шалха даккхар лежиго,
Нагахь, велахь кийча бахам бекъа,
Яхь ца йожош, боло керла гуо;

Нагахь хIоттахь хьайн дерг цхьана метта
Боле дилла, доцуш цхьа а «дуй»,
Долчух ваьлча, вацахь чохь цIе летта,
Эшна, беса богуш бIаьргийн суй;

Нагахь хьоьга гIора, ойла гуллахь,
Цхьалха висча, боцуш дегIехь ницкъ,
Шовкъ ца магош хьайна лахъян, хьулъян,
«Латта!» – бохуш, ца хозуьйтуш чIикъ;

Нагахь гонехь къамел далахь маьрша,
Паччахьашца белахь бийца мотт,
ДоттагI хастош, мостагI ца вахь аьшнаш,
Сий хьайн лардеш, яхь ахь нехан чот;

Нагахь елахь еза секонд, ала,
ХIора минот ларахь ахь, некъ беш,
ХIара латта хьуна делла Дала,
ТIе хьо – Адам, со ву цунна теш!

(Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.)

Киплинг Редьярд

Редьярд Киплинг Редьярд вина 1865 шарахь Бомбейхь, (Инди). Велла Лондонехь 1936-чу шарахь. Ингалсан яздархо. Уггаре цуьнан евзаш йолу дийцарийн гулам бу "Джунглийн книга". Цо иштта язйина дуккха а байташ. 1907-чу шарахь дуьххьалера ингалсхо хилла цунах литературехула Нобелан совгIат делла волу.

XS
SM
MD
LG