ТIекхочийла долу линкаш

Оспанов Къосам. БIарлагIаш а, кхолламаш а...


Нохчийн кешнаш

Нохчийн кешнаш


Оспанов Къосам

* * *
БIарлагIаш а, кхолламаш а,
кIорлагIнаш а, хIолламаш а,
хIора де а, хIора са а
харц-дуьненахь хIоразза а,

син набахтин набахтера
воьдий, доккхуш ас къинтIера –
седа – и дIабовчу хенахь,
седа - и латочу хенахь,

барах кхачалур а боцуш,
бичий бен хуьлуш а боцуш,
Ахь елларг бен кхин хан йоцу
Хьан къинхетам герга кхочуш,

лахьта леста, со цецволу,
ког тосийлах сайн шекволу,
сан упханан тховх чудолий,
хьаша хуьлий, баьрче долий:

«Хьан хIун дара соьга хатта?» -
бохуш, моттлен дoлу латта.
ГIoвлехь чурт а меттахдолу...
дохковолу, дохковолу.

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

XS
SM
MD
LG