ТIекхочийла долу линкаш

Оспанов Къосам. Йилбазан марш


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIала

Оспанов Къосам

Йилбазан марш

Хьо хIун сурт,
ХIун букъ-сурт?
Огуш, огуш
Ю цхьа юрт.

Хьо хIун цIий,
Хьо хьан хьий?
Догуш, догуш
Ду цхьа сий.

Хи, цIе уьйш,
ХIу дIадуьйш,
Iуьргаш девлла
Куьйгаш зуьйш –

Уьш бу уьш.
Уьш бу уьш
Нахах бевлла
Нах бу уьш.

БIаьрса дов
Я садов
Шело, гIело
Йохьуш дов.

БIаьста, Iай –
Iаьржа, кIайн
Лолла лело
ЛеIаш лай.

ЦIеран цIов
Болу сов.
Нехан бала –
Нехан дов.

Къан ца ло,
ЦIан ца ло.
Дохко вала
Хан ца ло.

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

XS
SM
MD
LG