ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIамат. Кхоьру


Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, 2016
Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, 2016

Петирова ПетIамат

Кхоьру

ПаргIатехь ахь дийца лоьрург,
Шийлачу экъане дийцарна кхоьру…
Ахь дуьхьал соьгара лоьхург,
Тийналло хазорна кхоьру…
Хьо тIаьхьависарна кхоьру…

Ахь гена титтина къастар,
ЦIеххьана кхачарна кхоьру…
Лазамо даздина дахар,
Хеназа хадарна кхоьру….
Хьо тIаьхьависарна кхоьру…

Ахь чиллахь денйина бIаьсте,
ГIурано лацарна кхоьру…
Сан цIарах иллеш а кеста,
Узаме дерзарна кхоьру…
Хьо тIаьхьависарна кхоьру…
Хьо тIаьхьависарна кхоьру…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG