ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тютчев, Фёдор Иванович


Нохчийчура кешнаш
Нохчийчура кешнаш

Тютчев, Фёдор Иванович

Набазалла

Гочдархо: Хатаев Хьусейн.

Сахьто до цхьа тайпа шен хьехам-дов –
Муьлххачу буьйсанан тар-дийцар тийна!
Мотт цуьнан массара цхьатерра зийна,
Цундела хIоррамо и, кхетош, лов!

Хьанна ца евзина вайх гIайгIа-вас,
Дуьненан тийналлехь схьахезаш шера
Заманан къорачех цхьа тийжар къера –
Хааме-къастаран тIаьххьара аз?

Хетало леш санна вайн
Дуьне цхьалха,
ЦIаьххьана кхачийна Оьмаран хан,
Вай дуьтуш къийсамехь, лан деха гIан,
Iалам а дIадоьдуш, гIулч туьйсуш хьалха.

Ткъа эццахь вайн Дахар схьахIутту вайна,
БIарлагIа ва санна,
Лаьттана йисттехь,
Вайн денош дерриг а, доттагIийн бистта…
Чулаьцна дан герга, бодашкахь дайна.

Цу юкъа маьлха кIел сихонца кхии
Къоначу, керлачу тIаьхьенан чкъор,
Ткъа вайца вайн шерийн, доттагIий, мор
Кхолламна базбеллий вайна ма хии.

ТIахь-тIаьхьа, вайн
накъост дIаверзош, хеза
ГIийлачу назманан карзаха зов,
Цо туху вайн кийра нуьцкъала ов, –
Вайн къина ма йоьлху и назма еза!

XS
SM
MD
LG