ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фет, Афанасий Афанасьевич. Садаьржаш, ма кхайкха цуьнга..


наб, бутт.
наб, бутт.

Фет, Афанасий Афанасьевич

Гочдархо: Хатаев, Хьусейн.

Садаьржаш, ма кхайкха цуьнга ...


Садаьржаш, ма кхайкха цуьнга,
Садаьржаш, и йижна ю,
Iуьйре ю садоьIуш цуьнца,
Беснешца ал йогуш ю.

Вагавеш – цо хьоьсту гIайба,
Еза ю наб цуьнан сов,
Цхьа Iаьржа, еха ши чIаба,
Белшашна тIехьодий, йов.

Селхана суьйренца – кхолар,
И корехь гуш яра гIийла,
Мархашлахь девзина ловзар,
Батто дIадолийнарг шийла.

Ткъа хьоьжуш и бода беша,
Йиш хезаш зарзаран аьхна,
Цкъа стиглахь, цкъа кхаьчна беша,
Лаьттира и, бос а баьхьна.

Ткъа долуш и ловзар маса,
И йиш зарзаран хаза,
И Iийра, кхин доцуш лан са,
Дог даьлла цIеххьана лаза.

Цундела и Iуьйре цуьнан –
Беснеш тIехь ал йогуш ю.
Садаьржаш ма кхайкха цуьнга!
Садаьржаш наб мерза ю!

XS
SM
MD
LG