ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Цхьа йоI


Нохчийчоь, 2016
Нохчийчоь, 2016

Хасаров ШаIрани.Цхьа йоI

Цхьа йоI ю сан юьртахь ехаш,
Эсала, гIиллкх долуш шортта.
Хийлазза ша дуьхьалкхеташ,
Суна цIийеш беснеш горга.

Ма доца ду хаза туьйра,
Ма еха ю ларъен буьйса.
Со и ларъян хьоьжур вара,
Бехкаш лоьцуш ма елара.

Хьанна ю-те суна йоцург,
Лела некъаш серладохуш,
Шега хьоьжург, шена вогург,
Дуьне даа карзахвохуш.

Йовхха цIераш летош пеша,
ГIуллакхаш деш сенчу бешахь,
Цо гIиттонверг кхин хир вара,
Сан хиллал ирс мичахь дара?!

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG