ТIекхочийла долу линкаш

Хасаров ШаIрани. Гуьйренан илли


Нохчийчохь гуьйре, 2015

Нохчийчохь гуьйре, 2015

ШаIрани Хасаров.Гуьйренан илли

БIаьстено хьестарца аьхна,
Аьхкено тIаьхь сурташ даьхна.
Баьццарчу дарийн коч хийца,
Аренаш дагахь ю хIинца.

Аьзнаш а декадеш, зевне,
Цхьа бераш дIахIитти кевне.
Дерриге карла а даьлла,
Суна а хийти «ловв» аьлла.

ДитташтIехь олхазарш дека,
Уьш сайга къамел деш хета,
Байттамал, хIай хан, ас эли,
Хьо сиха, сиха дIаели.

КхидIадерг ду хьуна дахар,
Бохуш соь, тарлур хьо нахах,
Билггала цхьа хIума мелла,
Iуьйре а ю, айаелла.

Гуьйрено илли ди дийнна,
Суна шен хьалхарчу дийнах,
Нийсархой, доттагIий лоьцуш
КIентан кIант ву деша воьдуш.

Хасаров ШаIрани нохчийн байтанча а, журналист а ву. 1953-чу шеран гIадужу-беттан 22-чу дийнахь Казахстанан Кзыл-Ордински областерчу Аккун юьртахь дуьнен чу ваьлла. Иза Оьрсийчоьнан Федерацин Яздархойн Бертан а, СССР-н, РФ-н Журналистийн Бертан а декъашхо ву, Нохчийн Республикан хьакъволу журналист а ву.

XS
SM
MD
LG