ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекистане зуламхо дIалуш ю Швеци


Швецино тхов кIело а елла, цигахь веха шен даймахкахь имам лаьттина стаг 2012-чу шарахь вен гIоьртина зуламхо Узбекистане дIахьажо сацамбина шведийн прокуроро Петерсон Кристера.

Цо бахарехь, президентан Керимов Исламан режимо шен мостагIа а кхайкхина, Швецехь къайлаваьлла вехачу Назаров Обихонна тапча тоьхна чов а йина, Москох ведда хилла и стаг, амма Москох Iедало лаьцна кеманца юхахьажийна Швеце шинарийдийнахь.

Цо лазийна хиллачу Назаров Обихонна политикан тховкIело Швецино ткъа шо сов хьалха елла. Шен заманахь Юккъерчу Азехь гоьваьлла имам вара Назаров. Чов хиллачул тIаьхьа денвелла иза, амма коьртан лазарша хьийзавеш веха хIинца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG