ТIекхочийла долу линкаш

Таджикистанехь таксист вийначу эпсаршна - набахти


Ши оьрсийн салти бехкевина Таджикистанехь кхело стохка Душанбехь таксист Тешабоев верна, царна набахтехь таккха хенаш а тухуш. Уьш бу эпсарш Басимов Федор, Сахапов Ильдар, шолгIаниг ву Оьрсийн эскарийн декъан куьйгалхо а лаьттина. Басимовна 17 шо делла кхело, Сахаповна – 13. Мехкан шахьарна юьстаха вийна карийнера таксист.

Зуламо оьгIазбахийтинчу таджикаш маситта протестан гулам бира шайн махкара оьрсийн эскархой емалбеш.

ОвхIанистанца доза долчу Таджикистанехь Оьрсийчоьнан цо уггаре дукха арахь кхобу тIеман эскар ду кхаа меттехь латтош – 7000 эзар салти, эпсар.

XS
SM
MD
LG