ТIекхочийла долу линкаш

Хатаев Хьусайн. КъинтIера ялалахь...


Нохчийчоь -- заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Нохчийчоь -- заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Хатаев Хьусайн. "КъинтIера ялалахь..."

И.З.

КъинтIера ялалахь вери,
Даздарна ас болар шерийн:
Хиларна со хьуна генахь,
Ахь орцах воьхучу хенахь.

Ца хIутту со дийца лайнарг, -
Со хенан буьйнахь ю тайниг,
Iожалло шелбийриг кийра,
Вуо эшош гуо, боцург хийра.

Ширбели хийла кхаъ-лаам,
Бац дагца я тем, я хьаам…
Цхьа ойла сан марсаюьйлу, -
Цо дог сан хьо йолчу кхуьйлу!

Хатаев Хьусейн вина 1958-чу шарахь. Иза нохчийн байтанча а, гочдархо а ву. Цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет.

XS
SM
MD
LG