ТIекхочийла долу линкаш

Хатаев Хьусайн. "Сан Нохче..."

Сан Нохче! Хьо Делан кхаъ бу,
Кхетоза, цIе йохуш, буьйцург,
Я буьйнахь йилбазан тур ду,
Нуьцкъала халонца туьйсург.

Хьо зов* ду заманан маьрша,
Ца хедаш схьадогIург дийна,
Хьо са ду седанан аьрха,
Боданца тIом бийриг тийна.

Ца диэза къамелаш нехан,
Хьох лаьцна цIармата, деха:
Цкъа, язйой, хьо хьалайоккху,
Цкъа, лахйой, хьо хьоьшуш бохку.

Ткъа хьаьжнарш хьан къайле йовза –
Йозанна кхоьллинарш говза,
Хьо толлуш, похIманчаш** хилла,
Церан дош ца дайна, тилла.

Хьан къайле – маршоне некъ бу,
Цу новкъахь хьан болар цхьаъ ду,
Белахь а некъ хьайниг хьийзаш,
Елахь а анайист сийсаш.

(Я нах хьан – лаамийн гIаьрбаш,
Цундела массо а кхаьрдаш,
БогIу-те, баьржина, бевдда,
Ирчачу чаккхене хьевдда?)

Ткъа безарг кхоллам тIех атта,
Маршонца ца дозург дог,
Вуьсур ву, буо хилла, латта,
Ца кхетош ахь боккху ког.
__________________________
* Генара схьадогIу аз.
** Нуьцкъала кхоллархой.

Хатаев Хьусейн вина 1958-чу шарахь. Иза нохчийн байтанча а, гочдархо а ву. Цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет.

XS
SM
MD
LG