ТIекхочийла долу линкаш

Хатаев Хьусайн. ХIай, Нохче, къайленан болам...


Нохчийн лаьмнаш, Итум-Кхала, 2012

Нохчийн лаьмнаш, Итум-Кхала, 2012

Хатаев Хьусайн. "ХIай, Нохче, къайленан болам..."

ХIай, Нохче, къайленан болам, дависа цкъа кхиа хьох,

Гур бара суна сайн толам, гIайгIа дIакъаьстина cох.

Малх богу бIов марахь шена. Нахана бен доцу сурт.

Ца оьшу теш хилла хенан, хи йистехь деха буо-чурт.

Кхайкхам бу техкарехь хьаннийн, хишча берг кIуон узам бу.

Лазам бу кIоргаллехь Iаннийн, бIаххьашкахь тIех собар ду.

Хатаев Хьусейн вина 1958-чу шарахь. Иза нохчийн байтанча а, гочдархо а ву. Цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет.

XS
SM
MD
LG