ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО - Гуржийчохь


Гуьржийчохь тIеман Iаморийн центр схьайиллина Атлантикан альянсан инарла секретара Столтенберг Йенса. Цигахь Iемачу эскархоша НАТО-н стандарташка кхачо деза гуьржийн эскар, гIодийр ду Гуьржийчоьнна альянсна юкъаяха, боху инарлаша а, политикаша а. Оцу ойланца реза хилира ша динчу къамелехь Столтенберг а.

Стохка НАТО-н саммитехь бина барт кхочушбеш йиллина центр. Гуьржийн премьер-министра Гарибашвили Ираклийс, шайн мохк дагахь бац и тайпа тIеман центраш цхьана а пачхьалкхана дуьхьалъяха, мелхо а регионера машар чIагIбархьама йохкуш ю, элира.

ОвхIанистанерчу НАТО-н эскаршлахь, Iамеркан Штаташ дIаевлча, дукхаллехь шолгIа ю гуьржийн контингент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG