ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Валлалц набахтехь Iийр ву Амиров СаIид


Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело хан кхачаяллалц набахтехь кхаба сацамбина ХIинжа-ГIалин мэр лаьттина Амиров СаIид. Цунна бехкедина Дагестанехь талламча вен шегахьа хилла зуламхойн тоба араяккхар а, 2011-чу шарахь Каспийскехь йохк-эцаран комплексна тIелатийтарна а.

Лаьцна латточу Амировна стохка 10 шо хан кхайкхийра кхело, цо тероран тохар кечдарна а, герзаш лелорна бехкевеш. Цул совнаха, талламчаша бохура, иза кема чудожо а гIиртина шена товш воцу стаг верхьама.

Кхело 10-ннера 22 шаре кхаччалц набахти кхайкхийна цуьнца девне озийначу ялх стагна а.

1998чу – 2013-чу шерашкахь ХIинжа-ГIалин мэр Iийначу Амировна дуьхьал ницкъаша даьхна тоьшаллаш, аьлла кхелехь адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG