ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу тIамах бевддарш садукъделла белла Австрехь


Боккха бохам хилла Европехь мигранташца. Кор-неI доцучу фури чу а боьхкина, къайлаха буьгуш болу уьш садукъделла белла Австрин коьртачу шахьарна Венина гена доцуш. Къиза Iожалла тIеэцначу 71 стагца 4 бер а, масех зуда а ю.

Мигрантийн декъеш чохь долу машен еари дийнахь Австрин Бургенланд олучу, Венина уллохь Iуьллучу федаралан лаьттан дозан тIехь карийнера.

А4 автобан тIехь, Парендорфе боьдучу некъа йистаца лаьтташ йолчу рефрежиратор олуш йолу йоккха машен, масех сохьтехь, меттах а ца йолуш, лаьтташ хиларо тIе тидам бахийтина полисхоша цу машенна улле гIоьртича, телхинчу декъийн хьожано човхийнера уьш, ткъа дIа тIе бахча, арахь 30 градус сов йовхо хиларна а, ткъа кор-неI къевлинчу машен чохь йолу тов 50 сов градус хиларна даша доладеллачу декъийна тIуналлаш хиллера кузов чуьра Iенаш.

Шайн кир лелочу рефрижераторх Iедалхойн шек ца бовлийна, цуьнан кузов мел ю пломба тухуш иза дIакъевлина хиллачу контрабандица мигранташ дIасалелочу талорхоша ойла ца йинера, цу чохь бохкучарна садеIа хIаваъ тоьур ца хиларан.

Уьш шаьш бахкош болу мисканаш беллийла кхеттачул тIаьхьа машен охьа а кхоьссина бевдера. Ткъа фурин неI йохийна, иза схьайиллинчу полисхошна гина сурт кхин хила йиш йоцуш инзаре хиллера - тIех-тIехула Iохкуш долу нехан декъеш, шайна юккъехь масех бер а, масех зуда а йолуш.

И сурт дукха къиза хиларна, и саннарг цкъа а шайн дахарехь гина боцучу полисхошна шок хиллера, царех кхоъ карарчу хенахь психологийн гIоьнца шайна гинчух меттавалош ву.

Цкъа машен чохь карийнарг 50 дакъ ду аьлла хаам баьржинера, амма пIераскана дийнахь Бургенладерчу Айзенштадтехь хиллачу пресс-конференцехь бургенландан полицин куьйгалхочуо Доскоцил Петера хаам бира, машен чохь велларг 71 стаг ву, машен чохь шемахочуьн цхьа паспорт карор бахьана долуш, уьш Шемара бу аьлла а хета шайна, аьлла. Иштта цо хаам бира, беллачарна юккъехь 59 боьрша стагий, бархI зудий, диъ берий ду аьлла.

Доскоцил: „Цкъачунна вуно хала ду и бераш билгал мел хан йолуш дара бохург ала. Карарчу хенахь тхуна хетачуьнца, царна юккъера цхьа йоI гергарчу хьесапехь ши шо долуш ю, ткъа вуьш кхо кIант ву, хетарехь, 8, 9, 10 шо долуш“.

Цу пресс-конференцехь дакъалоцуш яра Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Йоханна Микл-Лайтнер. Хиллачух ша Iадор а, цунах массо а меттигерчу урхаллин декъашхо вуно боккха сингаттам баьлла хилар а хьахийначул тIаьхьа, Австрин коьртачу полисхочуо билгалдаьккхира, шен хьукмато мигрантийн бохамах шайна бизнес а йина, и нах адамашна хьакъ доцучу хьелашкахь иллегала некъашца дIасалелочу контрабандхошца болу къийсам чIагIбийр бу аьлла.

Микл-Лайтнер: „Генарчу перспективехь контрабандхошна церан бизнес-модел йохорхьама вайна оьшург ду, кризисо лаьцначу регионашкахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин мигрантех долчу хьукматан векалташа схьа а йиллина, цигахь адамашна легала некъаца Европа кхача аьттонаш кхоллар. Цу кепара вай, цхьаьна агIор, мухIажарш ларор бу, вукху агIор контрабандхоша адамашна тIехь бизнес яр а дохор ду“.

И инзаре бохам хилла болу некъ Венехь бехачу нохчашна вуно дика бевзаш бу, иза Австрехь уггаре а йоккхачу Парндорф аутлете боьдуш хиларна. ХIора еарера шота дийне кхаччалца бIеннаш вайнах оьху цига хIума эца.

Ткъа хIара тIаьхьара еари дийнахь Парндорфе боьлхуш кхин а алсамох бара, цу дийнахь 80 процентана мехаш аутлетехь охьадаьхна хиларна. Царна юккъехь яра Венин яхархо Сатуева Тамара, дагахь а доцуш Австрин исторехь уггаре а боккхачу мигрантийн бохаман теш хилла йолу. Цуо иштта дийцира Маршо радионе шена гинчунах лаьцна.

Сатуева: „Селхана оцу Парндорфехь мехаш охьаьахна аьлла, дахнера тхо. ДIакхочучу меттехь автобус сацийра, дукха адам гулделла хьал дара цигахь. Лаьтташ и йоккха рефрежератор машен а яра. Полисхой а бара дуккхаъ. Тхуна-м авари йина моьттура цигахь, амма схьагуш авари а яцара.

Суьрташ дохуш журналисташ а, юхьтIе тутмIаьжгаш йоьхкина, кхерамазаллин духарш а доьхна цхьа нах а бара цу машенна гуонаха бохкуш. Юха тхо дIадахийтира полисхоша.

Ткъа Парндорфе дIакхаьчча, цигахь хезира тхуна, иштта цу чохь Шемара мухIажарш хилла, уьш массо а садукъделла белла аьлла. ЧIогIа халонга даьллера тхуна иза, и мисканаш сел къиза цу чохь балар. Оццул генара хала некъ бинера цара, ткъа схьакхаьчна аьлла хетачу хенахь Австрехь уьш балар доккха хIума ду.

Цхьа ирс а, аатто а лоьхуш новкъабевлла хир бара-кх уьш. Суна-м ца хаьа, шаьш схьабахкочу нахана садеIа хIаваъ оьший ца хууш, и нах сел къиза балийтина болу и шопарш ма цхьа а дин доцуш, къиза адамаш хила деза уьш!“

Цу юкъана, шайн къизалла а, сутаралла а бахьана долуш делла долу 71 адам талха а дуьтуш, машен охьа а кхоьссина, ведда хилла и нах дIасабуьгуш хилла волу кхо контрабадхо лаьцна Венгрехь. Уьш, цкъачунна йолчу информацица, Болгарин бахархой бу. Хетарехь, кесталгIа Австрин Iедалхошка схьалур болчух тера ду уьш.

Ткъа леринчу адамаллина луш долу машаран Нобелан совгIат шена кхаьчна йолчу Евробертан лаьтта тIехь мигрантийн баланаш лахлуш бац. Цхьана еари дийнахь кхин а кхо машен сацийнера полисхоша, контрабандхоша адамашка ла ца даллалчу хьелашкахь, гIутткхи чIерий санна, йоьттина чу боьхкина мухIажарш а болуш йогIуш.

Цу чуьра маьрша баьхначу мисканаша дийцинера полисхошка, садукълуш, дегнаш гIеллора шайн, ткъа шаьш саца а яй, цхьажимма хIаваъ кхетийна аьлла дехарш дарах, цкъа мукъане а социйла ца еш, Сербера Австри кхаьчна шаьш бохуш.

XS
SM
MD
LG