ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Селонан мах дIабала хала ду нохчашна


Устрада-ГIалахь 600 хIусамера ток дIаяьккхина Нохчийчоьнан бахаман-коммуналан урхаллерчу меттигерчу декъо цара ягийначу серлонах ахча дIадаланза ду аьлла. Урхаллан векалша бахарехь, 5 миллион сов сом ду тоьках баьхначара охьадиллаза.

ТIаьххьарчу муьрехь дийцаредо прессехь нохчаша шайн махкахь тIемаш боьлхучу шерашкахь тоьках, газах дIадалаза IаьIна 20 миллиар сом ахча. Иза тIера даккхар дехна мехкан куьйгалхоша президенте Путин Владимире а, кхечу пачхьалкхан куьйгалхошка а. Ткъа кхаьчна дац жоп. Оцу декхарна тIекхеташ ду хIинца наха далаза дуьсу ахчанаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG