ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанехь а, ерриг а Кавказехь маршо къийсарца гоьваьлла яздархо, историк Алиев Iабдулла кхелхина кIирандийнахь.

83 шаре ваьлла Дагестанан поэт, Къилбаседа Кавказехь Адалло цIарца шуьйрра вевзаш хилла яздархо Алиев Iабдулла кхелхина кIирандийнахь.

Дукха хьлхе байташ язъян волавелла вара Адалло. Школа яьккхинчул тIаьхьа шен корматалла, похIма чIагIдан деша вахара иза Москохарчу Горькийн цIарахчу литературан институте. 30 сов кинжка арахецна цуьнан байтийн.

Нохчийчохь тIемаш лаьттачу муьрехь нохчашна тIетевжина, доккха дакъа лаьцна ву Адалло. Нохчийн, суьлийн гIаттамхойх лаьттачу джамаIат тобанехь вара иза цхьана муьрехь. ТIеман буьйранчин Басаев Шемалан гIовс хIоьттина, маршонехьа къам дигархьама, дикка къахьегна а ву.

1999-чу шарахь нохчийн гIаттамхойн тоба Цумадан кIоштарчу Ботлихе, цигарчу гIаттамхошна гIоьнна яхча, царна гIо-накъосталла дарна бехкевеш, федералан а, дуьненаюкъарчу а лехамашка веллера Адалло. Цул тIаьхьа аьтто белира цуьнан Туркойчохь къайлавала.

2004-чу шарахь онкологин лазр кхеттачу поэта Оьрсийчоьнан Iедале дехар динера, ша могуш вац, кхалхар шен цIахь хилийта лууш вара ша, цIаверза пурба лахьара шена, аьлла.

Амма цIа ван магийнехь а, Адаллона хан кхайкхийра. Могашалла ледара хиларна а, ханна воккха хиларна а, арахь токху набахтин 8 шо хан.

Дагестанан Iедало тIеоьцуш вацара Адалло, Цуьнан байташ тIехь йолу кинжкаш еша доьхкуш, дIаяьхнера.

Амма дуккха а бара Адаллон агIончаш, цуьнца гергарлонаш лелош, цуьнан хьежамаш бакъ хеташ.

Тахана яздархо уллера вевзачара цунах лаьцна дуьйцу социалан машанашкахь, цунах кадамаш бо, Адалло тоьлла яздархо, цул совнаха Кавказ маьрша гаре сатийсинчех а вара, бохуш.

Яздархочо, Дагестанан пачхьалкхан университетан хьехархочо, профессора Муслимова Миясата яздо Фейсбукерчу шен агIонтехь: «Къилбаседа-Кавказехь уггаре а воккха яздархо, кавказхойн яхь, доьналла шеца долуш, цуьнан меха хIотто кхин яздархо ван а воцуш, къонах стаг вара Адалло».

Муслимова Миясата болхбина Адаллоца цхьаьна, цуьнан байташ оьрсийн матте гоч а йина. Поэт кхалхале ши де хьалха дарбанан цIийнехь Iуьллучу цуьнца цхьанакхетар а хиллера.

Цо бахарехь, Адаллон кхалхар йоллучу а Дагестанна боккха эшам бу, цхьаболучара тIе ца дитахь а, бохуш яздо Муслимова Миясата.

Маршо Радиос къамел дира Адаллон уллерчу доттагIчуьнца, дарбанан цIийнахь хирург волчу Саидов Iабдрашидца.

Довхачу дешнашца, кIорггерачу ларамца дийцира цо кхелхинчу поэтах лаьцна шена хетарг.

Саидов: «ХIун эр ду ас Адаллох лаьцна. Уггар хьалха яздархо вар-кх и! Ханна ша воккха хиллехь а, могашаллица ца хиллехь а, цуьнан кийрахь 16-17 шо кхаьчначу кхизхочун санна, романтикан цIе кхерстара. Даима а лехамашкахь вара иза. ХIара харцонан дуьне тIекIалтесна, бакъо толо гIертара даим а.

Доллу дахарехь и лаамаш бара цуьнца. ЧIогIа оьзда стаг вара иза, хьанал, цIена, бакъонца вехаш. Маршонехьа некъатIехь чекх вели иза. Амма цхьабакъду, эмиграцера ДегIастана ша юхавеанчул тIаьхьа, жимма хийцавелла вара иза. Цо кхетадора, Дагестан маьрша мохк хила, яха кийча ца хилар. Бакъволу байтанча-лирик вара Адалло.

Хууш ма-хиллара, Советан заманахь хIора махкахь цхьаъ бен яздархо хила везаш вацара. Дагестанехь цуьнан цIе билгалъяьлла яра, иза вара Гамзатов Расул. Амма похIманца а, дешан ираллица а Адаллло тоьлаш вара, Гамзатов Расулал а.

ХIетте а Гамзатовн цIе хьалха йоккхура, ткъа Адалло цуьнан IиндагIехь вуьсура хIоразза а. Цунлдела Адолла декхарийлахь вара маьлхан кIел шен меттиг лаха, ткъа цунна малх ца кхачийтора, дIатоьттура, цхьацца бахьанашца. «Вайн Расул ву, вайн Гамзатов ву, ткъа хьо мила ву, хьо Адалло бен вац", бохуш.

Маршо Радионо дийхира Парижехь вехачу историн докторе Вачагаев Майрбеке дийцар, муха яздархо вара Адалло, хIун лехамаш бара цуьнан.

Яздархочуьнца цхьанакхетар хилла дац шен цкъа а, амма и бакъволу поэт хилар чIагIдеш, дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев: Адалло муха вара аьлча, махкахь, Къилбаседа Кавказехь нахана цхьана эшарехь тIеоьцур воцуш, хIума дара цуьнца. Иза яздархо вара, цо арахецна 30-40 кинжка а ю. Суьлийн махкахь Гамзатов Расул дIаваьлча, шолгIа мехала яздархо лоруш вара иза.

Амма 20 шо хьалха Нохчийчохь салафиташ дIабуьйлабелча, Iедална дуьхьал цхьацца хIума лело доладелча, царна тIехIоьттина, церан гIоьнча хилла вара иза, цундела вайн махкахь болучарна иштта вевзаш ву иза. «Удуговна уллехь хиллий, вахабиташца леллий», бохуш кхийкхадо, амма шолгIа цуьнан агIо ю, цо яздеш хиллар.

Шен махкахь Адаллона тIехдетташдерг дара, салафиталшна тIаьхьа а хIоьттина, суьлийн махка вар. 7-8 шарахь Стамбулехь ваьхна иза, лечъкъана, цул тIаьхьа лазар кхетча, Оьрсийчоьнан Iедале дехар а дина, ша цIа витахьара аьлла, юха вирзина ву.

XS
SM
MD
LG