ТIекхочийла долу линкаш

Вуно алсам газ йолу маьIда карийна Лаьттаюккъера хIорд чохь


Лаьттаюккъера хIорд чохь Мисар-пачхьалкхана генадоцуш газан маьIда карийна шайна аьлла дIахьедар дина Италерчу Eni олучу компанино. Цигахь хила мега 850 миллиард кубометр газ. Иза юста мегар ду мехкадаьттан 5 миллиард ах миллиард чермица. Eni компанин векалша чIагIдарехь, карийна газ тоьар ю Мисар-пачхьалкхана иттаннаш шерашкахь яго.

Тахханалц коьртачу декъана Европерчу пачхьалкхашна газ юхкуш ерг ю Оьрсийчура Газпром компани. Амма Европехь цунна кхочуш долу дакъа хIора шарахь лахлуш ду. Цуьнан бахьана ду Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаш йоккхучу газан барам алсам балар.

XS
SM
MD
LG