ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

„Ламаз фейсбукал тоьлу“


Мисрерчу Кафр Давал гIаларчу маьждиган имам, хетарехь, кегирхоша маьждигехь хан яккхарна метта интернетехь хан йайъаро гIайгIане вожийна хиллачух тера ду. Шерашкахь шен маьждиге оьхучеран терахь лахдаларо саготту вина волчу цу Могази Махьмуд цIе йолу имамо Iуьйра ламазе кхойкхуш моллано олуш долу „Ассалату хайру минан наум“, нохчийн маттахь аьлча, „Ламаз набарал гIолехь ду“ бохуш долу, „Ассалату хайру минан- фейсбук“, аьлча а, „Ламаз фейсбукал гIолехь ду“ бохучу дешнашца хийцина хилла.

Бакъду, цу кепара керла юккъадаккхар ца тайначу меттигерчу бахархоша имамана дуьхьал латкъам бар бахьана долуш, иза шен балхара дIаваьккхина. Цул совнаха, йоллучу Мисрехь дийцаре даьккхина долу имаман керлаюкъадаккхар емал дина цу махкарчу цхьаццаболчу Iелимнаха, ткъа меттигерчу телевизионехь имам Могази Махьмуд Iеса стаг ву аьлла кхайкхина.

Ша дешна стаг цу кепарчу голатохарна реза вац. Цуо дацаре до, ша динарг Iесалла хилар. ХIунда аьлча, и „Ламаз набарал гIолехь ду“ боху дешнаш Iуьйре ламазе кхойкхуш ала декхар санна Мохьмад Пайхамар, Делан салам хуьйла цунна, дIаваьллачул тIаьхьа бен чIагIдина дац Iелимнаха. Цундела, ша ламазе кхайкхарехь набарна метта фейсбук хьахор керла хIума делахь а, амма къа дац аьлла тешна ву балхах воьхна волу имам.

Бусулба динан истори схьаэцча, азан кхайкхар кхолладаларх дуьйцуш дуккха а дийцарш а, хьадисаш а ду. Ткъа къаьстина Iуьйра ламазе кхайкхарх лаьцна далийна ду иштта хьадис: цхьаьна дийнахь Iуьйра ламазе кхайкха кечлуш хилла Пайхамаран асхьаб Билял.

ТIаккха цуьнга цхьаммо аьлла, Делан Элча хIинца а вижина ву аьлла. ТIаккха Билялс шегара мохь тоьхна: „Ламаз набарал гIолехь ду“ аьлла. Самаваьллачу Пайхамарна и дешнаш чIогIа тайна, хIетахь дуьйна иштта Iуьйра ламазехь олуш ду уьш, амма уьш иштта алар декхар санна дуккхаъ тIаьхьоха бен ца чIагIдина.

Мегаш дуй-те тIаккха маьждиган имамо ламазе кхайкхар хийцар? И хаттар Маршо Радион Австрерчу Тулм гIалахь имам болх беш волчу Iелиме Кузур Сенаде делира. Цуо иштта дийцира.

Кузур Сенад: „ Динан агIо схьаэцча, башха доккха гIалат дац цигахь. И „Ассалату хайру минан наум“ боху дешнаш мелла а тIаьхьуо хилла азанан дакъа, Iуьйра ламазна тIехь ледарло ечарна лерина ду иза. Амма методологи агIор тергалдича, вуно доккха гIалат ду цу стаго динарг. ХIунда аьлча, азан кхайкхар – иза Iибадат кеп ю, классикан Iелимийн хьежам схьаэцча.

Динехь цхьа хIума юккъедаккха а, стандарте дерзорхьама а баккхийчу Iелимнехан юкъара сацам оьшу, цара къобалйина юкъара консенсус. Ткъа цуо и хIума шегара дина. Иза дарца цуо кхечарна шайна луучу кепара Iибадатан кеп хийца некъаш схьадиллина. Цундела дина цуо доккха методологин гIалат“.

Сенада Кузура кхин дIа а дийцира Маршо радионе, маьждиге кегирхой эхар ша вехачу гIалахь уьш дукха тIех интернетехь Iер бахьана долуш лахделла олийла дац шена, аьлла. Иштта маьждиге баьхкинчара цу чохь телефонаш ловзор, смартфонашка хьежар а телгал дан ца дезна шен, хIунда аьлча, маьждигехь телефонаш дIайайъа езаш хилар пенош тIехь дIайаздина а ду, имамо кест-кеста карладоккхуш а ду.

Амма вицвелла, телефон дIа ца йойъуш, ламаз дечарна новкъарло ечарна гIуданаш тухуш маьждигаш а ду Австрехь, бохуш дуьйцу цуо.

Кузур Сенад: „Ламаз дечу чоьнахь оха даима а билгалдоккхуш ду, телефонаш дIайайъа езаш хилар, шайн а, кхечеран а ламазаш ларорхьама. ДIадиттина сарташ а ду, телефон дIайайъа нахана диц ца далийта. Бакъду, цхьаьна туркойн маьждигехь тергалдира ас, нагахь санна ламазан гуллбеллачех цхьаннан телефон екахь, цуьнан маьждиган хьаштана сагIийна итт евро даларца гIуда такха дезаш хилар. Нах цу хIуманна сема хилийтархьама динера иза“.

Венерчу Флоридсдорферчу доккхачу маьждигехь хьехамаш беш волчу нохчийн имаме Мусайга а делира Маршо радионо, Далла Iамал ян оьхучу кегирхойн а, интернетерчу социалан машанийн а юкъаметтигех лаьцна хаттар. Мусас иштта дийцира.

Имам Муса: „Интернет чохь а, кхечахь а эрна хан йайъар – иза бусулба динехь емал дечех хIума ду, Дала жоп доьхур долчех хIума ду аьлла билгалдаьккхинчех хIума ду иза. И хан вайн наха интернет чохь йайъина а ца Iа, урамашкахь а, чохь деш хIума а доцуш, бийшина Iохкуш а йойъу.

Цул а кхерамех хIума хета суна, интернет чохь цхьацца хIума а доьший, шанй дагахь цу чуьра Iилма а оьций, тIаккха шаьш Iелимнах ду а моьттуш, шайгахь Iилма ду а моьттуш, нахана юккъехь и цу чохь шайна Iеминарг даржош берш, шайгара сацам бан, иджтихад дан а гIерташ. Цу чохь дуккха а дика хIума ду, шена хаархьама цу чуьра хIума деша а мегар ду, амма цунах Iилма Iамор а хеташ лелар кхераме хета суна“.

Цу юкъана балхара воьхначу Мисрерчу маьждиган имамо шена ламазе кхайкхарехь Фейсбук хьахийна аьлла динчу гIудана ша дуьхьало йийр ю аьлла дIакхайкхина. Иза ша юха балха дIахIоттолца мацалла кхаба а дагахь ву, мехкан лакхарчу Iедале латкъам бан Iалашо йолуш а ву. Фейсбукехула -м йийр яц ахьа и латкъам аьлла шега меттигерчу телевизионо динчу хаттарна ша Фейсбук цкъа а лелийна а вац, лелон дагахь а вац аьлла жоп делира Цукерберган сайт бале яьллачу Могази Махьмуда.

XS
SM
MD
LG