ТIекхочийла долу линкаш

Журналист Исмайлова чуйоьллина Азербайджанехь


Азербайдажнан Iедалша набахтехь яккха 7 шо ах шо хан тоьхна журналистана, Маршо Радион авторна Исмайлова Хадиджана. Цунна бехке диллинарг ду ял цаялар а, ахча лачкъор а, бакъо а йоцуш бизнес лелор а, шен даржах харцонца пайда эцар а. Кхело бехказа йитира иза «ша шена тоьхна лечу хьоле стаг ваккхар» олучу бехках. Журналисто тIецабуьту шена бехкина бехкаш. Цо чIагIдарехь, цунна дуьхьал кхайкхийна бехктакхаман гIуллакх политикан бух болуш ду.

Исмайлова Хадиджана хетарехь, Iедалша бекхам бина цунна цо Азербайджанехь лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, президентан Алиев Илхаман дозало а коррупци лелорах лаьцна артиклш зорбане яхарна. Журналистийн бакъонаш ларйечу комитето емал дина Исмайлована хан тохар. Цо кхайкхам бина Азербайджанан Iедалшка сихха юхабаккха кхело бина харц сацам аьлла.

XS
SM
MD
LG