ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БЕНОЛЮКС: КIезиг делахь а, массанхьа ду тхо


Бенолюксан коллекци юкъара мухIар, 2015
Бенолюксан коллекци юкъара мухIар, 2015

Европехь, Iамеркахь бехачу нохчашлахь дуккха а бу белха тIехь, дешарехь кхиамаш баьхнарш а, бохурш а. Царех цхьаъ ву Голландин вахархо, Белгехь къахьоьгуш волу дешин, детин, мехалчу тIулгийн хIуманийн дизайнер Аюпов Руслан. Тоьллачу фирмехь болхбеш волчу цо ша кхуллучу Iаламатийн кепаш хIиттайо нохчийн къоман васташца.

БIешераш ду дуьненчуьрчу гIарабевллачу дешин, детин пхьераша-говзанчаша, вовшашца къийсаме а буьйлуш, кеп-кепара еза аксессуараш зударшна а, божарша а лерина кхуллу.

Тахана цара шайгара корматталла иръеш, шаръеш кхуллу кхин цхьанхьа а гур йоцу, ша тайпа эксклюзиван хIуманаш.

Ишта гучуюьйлу дуьненахь шуьйра евза сахьтийн, пхьаьрсан хIасарийн, мухIарийн, кольен пхьерийн брендаш - Графф, Бушерон, Гуччи, Диор, Шанель, Ролекс.

Церан дуьненчу йовлар теллича, гучудолу, юьхьанца цхьаннна а евзаш йоцчу дуьненан маьIIерчу меттигашкара брендийн болам гIоттуш хилар.

Говзанчийн къинхьегам, похIма, боккха лаам бахьана долуш тахана дуьненюкъарчу брендашлахь хьалхарчу могIаршкахь ю билгалъяьхна цIераш.

Кху деношкахь гIеххьачул сенсаци ю социалан машанехь БЕНОЛЮКС цIарца яьржина коллекци. Цу юкъахь ду божарийн мухIарш, цIенчу дешех, детех дина, безачу тIулгаца бриллиантца кхелина арахецна.

Оцу хиламах кхаъ хилла, БЕНОЛЮКСАН да лехира Маршо Радионо. Брендан автор Европехь веха, 30 шаре ваьлла дуьххьарлера нохчийн дизайнер-ювелир Аюпов Руслан.

Тхоьца хиллачу къамелехь Руслана кхачам боллуш жоьпаш делира тхан хаттаршна.

Маршо Радио: «Бенолюкс» дешан маьIнех кхетадехьа тхо.

Аюпов: «Со Европехь веха дуккха а хан ю. Бельгех, Голландех, гондахьарчу меттигех «Бенилюкс» олу, тIаккха со тайпана Бено волундела, «Бенолюкс» аьлла цIе тиллира-кх ас. Дешнашца ловзуш, сайна оригинальни а хетта и цIе, нахана евзар йолуш а йолундела, ишта цIе тиллира-кх ас.

Маршо Радио: Хьан бералла Нохчийчохь дIаяхна, хьо кхеттал хилчхьана Европехь веха хьо, хIетте а хьан белхашца нохчалла ду-кх, мичара даьлла хьуна и?

Аюпов: Со жима волуш дуьйнна Европехь ву, нохчийн мотт сайн ма-хуьллу буьйцу ас, таронаш йоцуш хилла со, нохчийн мотт бийца уллехь стаг воцуш нисвелла, хIетте а со цIера, стенгара ву цкъа а дицделла а дац суна. Бриллиантшца а, ювелиран бизнеса юккъе вахча а, даим сайн цхьаъ кхуллур яра-кх ас, бохуш дагахь вара со. «Нохчийн ю-кх хIара» аьлла цхьа а ювелиран издели ян а яц вайн.

Дукха наха хоьттура соьга, хьуна а ца хаьа, вайн нохчаллица йина хIума эца метти, олий. Турцера кхехьа-м кхоьхьу цхьацца хIумнаш, амма дукха цхьатерра хуьлу-кх уьш а. Цундела ас цхьацца вайн нохчийн элементаш вовшах а тоьхна, массарана а хазахетар а, евзар а йолччу агIор фирма кхоьллина, нохчашна лерина.

Маршо Радио: Руслан, хьан коллекци божаршна лерина ю. ТIаьхьарчу хенахь юй хьан Iалашо зударшна лерина а кхолла?

Аюпов: Цкъа хьалха сайна хазахеташ долу мухIар динера ас. Юха сан накъостана хазделира иза, тIаккха массарна а дича хIун дара-те аьлла, иштта доладелла гIуллакх ду хIара сан. ХIокхул тIаьхьа ю сан Iалашо зударшна пхьаьрсах дохку хIазарш, кочаухкурш, сахьташ а арахеца. Кхаа басахь деши лелор ду ас зударшна леринчу изделешкахь.

Маршо Радио: Бенолюксан изделеш эца маца, мичахь хир ю таро?

Аюпов: Ас хIалхо Инстаграмехь агIо ю кхоьллина, BENOLUX аьлла яздича, хьанна а карор йолуш, тIаккха, карарчу хенахь сайт кхолла дагахь ву со, цул совнаха, кху деношкахь схьайоьллуш фирмин офис ю, оцу сайташкахь, Инстаграмехь шена хазъелларг эца таро хир ю хьеннан а.

Маршо Радио: Мехаш муха ду хьан изделийн?

Аюпов: Мехаш, бакъдерг дийцича, дукха нах цец а буьйлуш, лахара ду. Ас лелон бриллианташ цIена ду, дети а, деши а лаккхара проба йолуш ду, нийса шарна луш гаранти а ю. Цундела а мах лаккхара хила безара, хIетте а ас мухIарийн мах 200 евро аьлла, сацийна. Суна уьш еза йохка а ца лаьа, хазъеллачу муьлхачун а эца таро хилийта.

Кхин цхьа хIума а луур дара суна ала, конкурс хир ю ас кхайкхийна тIаьхьо. Нохчийн хIокху дуьнентIехь массанахьа а болу дела, ас оцу мухIарийн гонаха Iаьрбийн элпашца яздина "Вай кIезга делахь а, массанхьа а ду,аьлла".

Цундела ас и доьхкинчаьрга мухIаран сурт доккхуш, шаьш стенгара ду, муьлхачу меттахь деха а хоуьйтуш кехаташ дахкийтар доьху, уггар креативан сурт даийтинчунна, айса шолгIа арахоьцучу коллекци юкъара модель совгIатна лур ю.

Нагахь санна, церан дагахь, коьртехь цхьацца идеяш елахь, хIун ган лаьа сан белхашца, муха хила лаьара, шайна хазахетарг а, цара хаийтича, ас церан лааамш кхочуш а бийр бара».

Руслан тешна ву, тIейогIучу хенахь, дуьненахь гоьевллачу брендийн могIарехь шен меттиг Бенолюксо а дIалоцург хиларх. ХIунда аьлча, цхьа тIаьхьало йоцуш ма бац Бенолюксан кхайкхам а «КIезиг делахь, массанхьа а ду тхо».

XS
SM
MD
LG