ТIекхочийла долу линкаш

Порошенко Петро: Оьрсийчоь кхераме ю дерриг дуьненна


Цхьаъ санна агрессор йолчу Оьрсийчоьнна дуьхьал довла деза дерриг а маьршачу дуьненехь дехаш долу къаьмнаш аьлла кхайкхам бина Украинин президенто Порошенко Петрос. ШолагIа Дуьненера тIом дIабирзина 70 шо кхачар хьокъехь шайн махкахошка а, дуьненаюкъаралле а бинчу кхайкхамехь Порошенкос дIахьедар дина, Оьрсийчоьно йина агресси кхераме ю ерриг а цивилизацина аьлла. Оьрсийчоь теян гIерташ лелийначу политико цхьа а жамI цадеана боху Порошенкос. Украинин президенто кхайкхам бина ГIирма дIалацарца а, Донбассехь тIом болорца Москохо хьашна йолу бакъо юхаметтахIотто еза аьлла.

XS
SM
MD
LG