ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евробарт яхъян дагахь бу ша Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш


Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна йолу шайн санкцеш кхин а ялх баттана яхъян дагахь ю Евробертана юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш. И санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна дуьхьал цо Украинехь тIом беш болчу сепаратисташна гIортор ярна.

Франс-пресс агенталло бинчу хаамца, цу хьокъехь барт хилла Брюсселехь цхьаьнакхеттачу Евробертан векалийн. Евробарт шен санкцеш юхаяха дагахь бац Москохо кху шеран Чиллан-баттахь Минскехь шена тIеэцна декхарш кхочуш даллалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG