ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьзда мар а, аьрха зуда а


ОЬЗДА МАР А, АЬРХА ЗУДА А

Адамашца санна акхарошца а, олхазаршца а къинхетаме хиларна дала совгIат дина цхьана стагна. Олхазарийн, акхаройн мотт Iемина цунна. Иза йоккха къайле хилла. И къайле гучуяьккхича лийр волуш хилла и стаг.

Цхьана дийнахь йол гулъян вахначохь гIел а велла такхора юххе охьавижна акхаройн, олхазарийн мотт хуу стаг. Оцу такхора тIе хиъна къиг а, къийган къорни а.

- И стаг велла Iуьллуш ву цуьнан бIаьрг мала йоллу со, - аьлла къийган кIорнис.

- Мегар дац сан диканиг, цо дIалоцар ю хьо, иза дийна велахь.

- Когашка а хиъна аса когах зIок тухар ю. Вижна Iуьллуш велахь иза самавер ву, со дIайодар ю. Велла Iуьллуш велахь меттахвер вац, - аьлла къийган кIорнис.

- Мегар дац сан диканиг, цо дIалоцар ю хьо иза дийна велахь.

Цу шиммо дуьйцург хезаш Iадда Iуьллуш хилла стаг, меттах а ца волуш.

Къийган кIорнино стеган когашкахьа а хиъна когах зIок тоьхна. Стаг меттах а ца ваьлла. БIаьрг мала стеган некха уьн тIе хиъна къийган кIорни. Стага катоьхна схьалаьцна иза.

- ГIо де суна! - бохуш, нене кхойкхуш хилла.

- Аса хIун дийр ду хьуна? Ма гIерта цунна юххе элира аса хьоьга. Ахьа ла ца дуьйгIира. Аса дIабохург хууш иза велхьара, хьо дIахеца аьлла аса дехар дийра дара цуьнга.

Стаг къийге вистхилла.

- ХIун оьшу хьуна? Ахьа бохачух со кхета.

Къийгана хаза хетта.

- Вало соьца. Ахьа сан кIорни схьалур елахь аса цхьа дика дийр ду хьуна, - аьлла, йоккхачу хазни тIе вигна къийго иза. И хазна цо цIа еъна, къийган кIорни дIахецна.

Цкъа цхьана дийнахь хьошалгIа ваха дагадеъна олхазарийн, акхаройн мотт хуъчу стагна. Лаахь а ца лаахь а ша а йогIур ю хьоьца, аьлла, тIаьхьаяьлла цунна зуда. Иза цIахь Iен ца тигчи, кхин дан хIума а ца хилла, яхка йоллучу кхелана нуьйр а тиллина цунна тIе хаийна цо шен зуда. Зуда а хилла берах. Оцу кхелана тIаьхьа хIоьттина йоьдуш шо кхаьчна бекъа хилла.

Цхьана ламанан дукъах хьала йолуш тIаьхьайисначу бокъо терсаш шен нене аьлла:

- Собар дехьа цхьажимма со гIелъелла.

Кхело жоп делла:

- Сан кийрахь цхьа бекъа ю, кхоъ сан букъ тIехь Iеш ву, цу тIоьхула тIе, тIебоьттина мохь а бу. ХIетте а со дукъах хьалайоьда. Ткъа, хьуна хIун хилла. Хьо хIунда ца яло?

Стаг гIадъоьххуш велавелла.

Зудчо хаьттина цуьнга. - Хьо стенах воьла? Дийцал суна? - аьлла.

- Иза дийца йиш яц, - аьлла майрчо.

Лаахь а, ца лаахь а дийца бохуш тIейирзина цунна зуда. И дийцича со лийр ву, - бохуш, тоьшалла деш хилла стага. Зуда юха ца яьлла.

Зудча ца витчи, кхин дан хIума ца хилла цIийндас аьлла:

- Делахь хIета собар де. ХьошалгIа дIа а дахна, цигара вай цIадирзича, сагIийна хIума а елла, къинойх а цIанвелла, хьарчо марчо а кечдина, тIаккха дуьйцур ду аса хьуна.

Цу тIехь барт а хилла хьошалгIа дIабахна уьш. Цигара юха цIабирзича:

- Дийцал хIинца, хьо хIун хазделла воьлура? - аьлла, юха а тIейирзина зуда.

Стаг вала кечвелла, шена хьарчо марчо а, дIахIитто уппагIнаш а кечдина цо.

Оцу стагана жIаьла хилла вуно муьтIахь. Доьлхуш хилла иза.

- Хьо хIунда доьлху? - аьлла, хаьттина цуьнга нIаьно.

- Зудчо бохург а дина вала кечвелла сан да, - жоп делла жIаьло.

Кхайкхий схьа араваккхахьа иза, - аьлла, араваккхийтина нIаьно иза.

Массо а котамаш схьа а гулйина, царна тIам такхош, гондахьа хьаьвзина нIаьна. ТIаккха цо хIусамдега аьлла:

- Сан кхузткъа зуда ю. Аса царна иштта дола а до. Хьоьга, хIунда ца дало хьайн цхьаъ бен йоцчу зудчунна дола?

- ХIун дан деза аса? - аьлла стага.

- Цхьа дика дуушто гIаж а яккхий. Цо хьайга «Дийца» моссазза эли «Дуьйцар ду. Дийций аса а?» бохуш яла йоллалц гIаж етта. Цул тIаьхьа «Дийца» эр дац хьоьга - аьлла, хьехар дина нIаьно.

Зудчо «Хьо стенах велавелира дийца суна» мосазза эли «Дуьйцур ду. Дийций аса?» - бохуш гIаж етташ зуда къар а йина, лечуьра кIелхьараваьлла стаг.

XS
SM
MD
LG