ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Узбекийн Iедалш дайтина хиkf мега Швецехь Назаровна тIелатар


Узбекестанан Iедалш бехке ду 2012-чу шарахь Чиллан-баттахь Швецехь оппозицин жигархочунна Назаров Обидхонна тIелатар дарна аьлла дIахьедар дина Швецин прокуроро Петерссон Кристера.

2006-чу шарахь Стромсунд гIалахь Швецин Iедалша политикан тховкъело елла волчу Назаровна герз диттинера мила ву цахуучу стага. И бахьана долуш могашалла галъялла ву Назаров. Петерссона бинчу хаамца, и зулам дарна бехке хила мега аьлла Оьрсийчура Швеце, депорт а йина, лаьцна ву Узбекистанан махкахо Жуковский Юрий. И стаг Узбекистанан Iедалшца уьйраш йолуш хилла хилар толлуш бу Швецера талламхой.

Назаров веддера Узбекистанера 1998-чу шарахь Iедалша ша исламан экстремист а, террорист а ву аьлла бехке вича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG