ТIекхочийла долу линкаш

Кхело гIуда тоьхна "Мемориалана"


Москох кхело гIуда тоьхна Оьрсийчурча евзаш йолчу «Мемориал» олучу бакъонашларъярхойн центрна. Цу гIудан барам бу 600 эзар сом. «Мемориалана» таIзар даран бахьана ду кхечу пачхьалкхийн агентех лаьцна долу низам дохор, вуьшта аьлча, бакъонашларъярхой къера цахилар шаьш кхечу пачхьалкхийн агенташ ду бохучунна.

«Мемориал» юкъатоьхна Iедалша кхечу пачхьалкхийн агентийн могIаршна стохка Товбеца-баттахь. Цу тайпа органицацешна тIедожийна ду шаьш цхьана текстана зорба тухуш, шаьш кхечу пачхьалкхийн агенташ хилар билгалдаккхар.

XS
SM
MD
LG