ТIекхочийла долу линкаш

Юха а президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву Лукашенко


Юха а Белорусин президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву хIинца цу даржехь волу Лукашенко Александр. Цу Iалашонца регистрацин ян оьшуш долу кехаташ чуделла цо Коьртачу харжамийн комиссе. Хьалхо шайн кехаташ цу комиссе дIаделира президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь болчу Короткевич Татьянас а, Гайдукевич Сергейс а, Улахович Николайс а.

Коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца, Беларусин президентан дарж къовса лууш болчу наха регистраци ян оьшуш долу кехаташ чудала дезаш дара Гезгмашин-беттан 5-чу дийнахь делкъалт1ахьа шиъ далале. Кандидатийн регистраци хир йолуш ю кхин а 5 де даьлча, кху беттан 10-чу дийнахь.

ХIара президент харжаран компани бакъонца яц бохуш, дIахьедарш до Беларусерчу оппозицин лидерша. Цара кхайкхам бина бахархошца цу харжамашкахь дакъа ма лаца аьлла. Беларусин президентан харжамаш хир бу ГIадужу-беттан 11-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG