ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнаш мухIажираш дIаоьхуш бу Венгрера Германе


Австрера цIерпоштаца 450 гергга мигрант кхаьчна Шоьта-дийнахь Германерчу Мюнхене. Австрин полицино бинчу хаамца, уьш дIахьовсор болуш бу гергарчу миграцин центре. Reuters хаамин агенталло дийцарехь, Шоьта-дийнахь Венгрера Австрехула Германе дIакхача безачу нехан терахь ду 10 эзар стаг. Уьш бу Гергарчу Малхбалера а, Къилбаседа Африкера а мухIажираш.

Шоьта Iуьйранна 4 эзар сов мигрант дIакхечира Австре. Цига дIабаха мухIажирашна автобусашца гIо дира Венгрин Iедалша. ПIераскан дийнахь Австрин а, Германин а, Венгрин а Iедалийн барт хилира мухIажирашна Малхбалерчу Европе дIабаха Венгрин доза хадо бакъо луш.

ХIинццалц Будапешт реза ца хилара уьш чекхбовлийта, Евробертан низамашца цу наха шайн махкахь регистраци ян еза бохуш. ХIара шо доладелчхьана 140 сов мигрант кхаьчна Венгре Сербин территори тIехула. МухIажираш совцо дагахь Сербин дозанца кхо метр ах метар лекха пен ботта йолаелла Венгри.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG