ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангелас кхойкху Европан лидерш мигранташ чубитаре


Цкъа ца хиллачу барамашкахь чубаьржинчу мигранташа «дIа а лаьцна, хийцамашка ялор ю» Германи, элира оршотдийнахь журналисташка немцойн канцлера Меркел Ангелас. Цо кхайкхира Европан лидерш а шайн-шайн мехкашка мигранташ чубитаре. Меркела шен Iедал кийча ду бохура деэшна нах сихха тIеэца а, царна хIусамаш ян а.

Амма Германин таро яц еккъа ша цхьамма мигранташ чуэццал, элира канцлера. Цо хаийтира ша коьртехь йолчу партино мигранташна гIоьнна 6 миллиард евро луш дуйла. ТIаххьарчу цхьана мукъаденошкахь 20 эзар мухIажир кхаьчна Германе. Оцу нахе кеп-кепара бу бухарчу бахархойн хьажам. Францино хаийтина ша 24 эзар мигрантна ахчанца гIодан кийча юйла. 120 эзар мигрант ву тахана Африкера, Иракъера, Шемара, новкъахь мехкийн дозанан низам а дохош Европе кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG