ТIекхочийла долу линкаш

Донбассера конфликт ерзон некъаш лоьху Олланд Франсуас


«Нормандин виъ декъашхо» олучу, Германи, Франци, Оьрсийчоь, Украина юкъайогIучу пачхьалкхийн вовшахкхетараллан лидерш кхеташоне кхайкха дагахь ву ша аьлла дIахьедина Францин президента Олланд Франсуас. Донбассера конфликт ерзон некъ лахархьама оьшу иза, аьлла Олланда. Украинерчу кризисах лаьцна дийца Париже гулдала а мегар дара, цигахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Инарла Ассамблея сесси йолалучу юкъанна, элира оршоьта Олланда журналисташка.

Украинан президента Порошенко Петрос хаамбина шоьтадийнахь, Минскехь бертан къамелаш дичхьана цкъа а сецна доцу тIематийсадаларш севцца, уьш доцуш дIадахара кIира, аьлла. Минскехь хиллачу бертан хьелаш кхочушдеш дац, цигахь дийцарединера Донбассехь харжамаш дIабахьарх а, Украинан оцу декъанна шуьйрра автономи яларх а лаьцна, элира Олланд Франсуас. Нагахь санна хьал тодан аьтто балахь, ша Евробертана хьалха хаттар хIоттор ду Оьрсийчоь санкцех паргIатъяккхарх лаьцна, аьлла Францин президента.

XS
SM
MD
LG