ТIекхочийла долу линкаш

Таджикистанехь полицина тIелатарш дина


Таджикистанехь, Душанбехь а, Вахдат гIалахь а полицина тIелатар динчу тобан лидер тIеман министран гIовс Назарзода Iабдухьалим хилла аьлла дIахьедина цигарчу Iедало. Цуьнца бертахь хилла аьлла лаьцна мехкан эскарера ши эпсар. Даржера дIаваьккхина ша инарла Назарзода а. Оцу шатайпанчу гIаттамехь велла 9 полисхо а, 13 стаг тIелеттарг а, лазийна а, лецна а бу иттаннаш.

Iедалан каравахана гIаттаман лидеран ваша Назаров Мирзохает. Цуьнгара даьккхина алссам герз. Ша инарла Назарзода лацаза ву, и лохуш ду Iедал. ТIелатар дина полицин дакъошна дIадахначу еарийдийнахь. Бехке лору Таджикистанан куьйгалхоша «Исламан Пачхьалкх» олучу боламехьа болу нах.

XS
SM
MD
LG