КIирандийнахь Соьлж-ГIалин юккъехь хIоллам схьабиллина дуьненан хьалхара тIом боьдучу заманахь «Акха дошлой» цIе а йолуш, Оьрсийчоьнехьа тIемаш бинчу кавказхойх лаьттинчу эскарерчу Нохчийн полкан сийнна лерина. КIиранде Къоман Цхьааллин Де аьлла цIе а тоьхна даздеш дара Нохчийчуьрчу Iедало.
Ткъа оццу дийнахь Европерчу а, Iамеркарчу а, Малхбалерчу а мехкийн шахьаршкахь гулбелира вайнехан мухIажирш шаьш лоруш долу Нохчийн къоман Цадазаран Де билгалдаккха.