ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь, Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартан кIоштарачу кхело листира къомехь цкъа а хилла йоцчу дастамаллин масал гойту шатайпа дов. Жоьпе озийначу меттигерчу вахархочунна бехке диллинера, цо, кхерамаш а туьйсуш, шен жима йоI арахь сагIа деха арайохуш хилла хилар.

Хьалха-Мартан кIоштерачу вахархочунна Сайткожаев Алиханна дуьхьала болийначу талламо къастийна, цо шен жимах йолу йоI, даиманна сагIа деха арайоккхуш хиллийла а, иза цо ца дича, цунна а, кхечу берашна а, ницкъаца Iаткъам беш хиллийла а.

Уьш шадерриш, цхьана чоьна чу а духкий, тIехула догIа а тухий, масийта сахьтехь латтош хилла, хих а, юучу хIуманех а, кхечу хьаштех а хадош.

Буьллучу бехканна массо а агIо юьхьара а лаьцна, чохь яккха цунна 2 шой 3 буттий хан тоьхна.

СагIа дехар дIадакха гIерташ, дукха леррина болх дIахьош бу Нохчийчохь. Маьждигашкахь а, муьлхачу а гуламашкахь а, эхье лоруш хилар дага а доуьйтуш, хьехамаш бо даиманна.

Амма иза ша дерриг дIа ца даккхаделла. Ткъа, шен бера ара а даьккхина, цуьнга сагIа дехийтар, дуьйцуш а, олуш а хезна хIума дац.

Соьлж-Юьртара Хусаинов Сулейманна хетарехь, иштта гIуллакхаш хилар, юккъараллехь йолу чолхалла гойтуш хIума ду. Оццул и хIума емал дешшехь, нахана иза лело эхьцахетаро, дукха а хIума билгалдоккху, элира цо.

Хусаинов: «Со жима волчу хенахь, сан дас-нанас олуш хезна суна, нохчочо цкъа а сагIа доьхур дац! Доьхурш кхечу къомах болу нах хир бу, нохчий хир бац олура.

Хьалха вай баккхийберш, буьйда кибарчигех кегий цIенош а долуш, 7-10-13 а доьзалхо кхиош хилла. ХIинца, шиннал, кхааналл сов ца болу доьзалш. Къелла хIунда яржош ю, бохуш дуьйцуш нах бу-кх вайна лелаш».

Миччара а сагIа доьхурш, даиманна Нохчийчу эха Iаьмма бу, кхузахь адамаш догкIеда а, комаьрша а долундела. Царех масала эцна хир ду, яхь яйначу нохчаша, аьлла хета Хусаинов Сулейманна. Цо иштта дийцира.

Хусаинов: «Дика доцу хIума ду иза. Нохчочунна даиманна эхь долу хIума ду, сагIа дехар. Бусулбачу стагана а мегаш дац иза. Осала хIума ду иза. Со 4-чу классехь волуш, тхан хьехархочо тхо Кировн цIарахчу садаIаран парке далийнера. Цхьа жима кIант тIевеънера цунна «Ваша, эппаз дуй хьоьгахь?» аьлла.

Тхан хьехархочо юьхь яьккхира цуьнан, хаза нехан санна, со цец а волуш.

Суна эппаз хIун ю аьлла, дагадеара оцу хенахь. ХIинца со кхета, цо иза кхоийна ца динийла. Иза кхерийна а, човхийна а, цуьнгара и хIума юхадаккхархьама динера цо».

Тахана махкахь цхьа ша тайпа сагIа дехар даьржина ду. Iедалхойн шай бехк а бу, цхьана агIора цуьнан.

ХIунда аьлча, шаьш Делан дуьхьа аьлла цхьанна таро йоьхначунна гIодича, иза дижа а ца дуьтуш, кхайкхадо, массо а хаамийн гIирсашкахула.

Цундела нахана моттало, цхьа жимма герга вахачхьана, и сагIа шайна а лур ду олий. Иза, халахетарца билгалдоккху шен къамелехь Соьлж- кIоштера вахархочо Исмаилов Вахас.

Исмаилов: «Вай тIаьхьарчу заманахь, цхьа гIиллакх даьлла, маьждиге а вахана куьг а лаьцна латтар-сагIа дехар ду, ткъа къа а ца хьоьгуш, Iедалан урхалле а вахана, цигахь Рамзанна со тIекхаьчча, цо суна цIенош дийр дара, со кхечу пачхьалкхе яхалур яра, сайн кIант а йоI а эцна. И сагIа дехар ца хета царна.

Массо а заманахь къахьоьгучу стагах хьолада олуш хилла. И таханлера ша мел болу лазам, къа а ца хьоьгуш, сискал яа гIертаро иман чуьра дуьйна дIадаьккхина».

Хьалха-Мартан кIоштера вахархочо Абуев Баудис халахетарца билгалдоккху, сагIа дехар, махкахь дIадолуш ца хилар. Цунна бехке цхьа а вац, божарий бен, элира цо.

Абуев: «ХIун дан дезара аьлча, шайн доьзалан дола дан дезара массара а. Оцу зударех кхоьруш, леш воллу массо а. Цхьа а цхьаъ а, шайн оцу зудчуьннна дола деш стаг вац. Дола деш белхьарий, маьждиган хьалхахь, уьш сагIа доьхуш а лаьттар бацара.

И хьенан бехк бу? Иза вайн бехк бу, вайн къонахий ца хилар. Ас дешначу Делан КъорIанора вац, бIе къонах схьавалийча, шен кертара еттан дIа ара а баьккхина, иза бохка ваьхьар волуш цхьа стаг, зудчо пурба ца лахь».

СагIа дехарна дуьхьала болх дIабахьарх, иза дIадаккхалахь тамаш хета юккъараллехь. Социалан харш, бехачарний, къеболчарний юккъахь дукха доккха ду.

Шорделла иза кху тIаьххьарчу хенахь а, пачхьалкхехь экономикан хьал бахьанехь. Цундела тIаьхьалонца къийсам бина а ца Iаш, и маьттаза долу хIума даларан бахьанаш талла дезара.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG